Омск гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу Россехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россин регионашкара 400 сов спортсмен.

Пхеа дийнахь дIадаьхьира къийсадаларш.
Цигахь хьалхара меттиг яьккхира: Гигиев Малика (51 кг) – СШ №1.
ШолгIа меттиг – Закриев Аьрзус (53 кг) – ГIойтIара СШ, Закриев Ислама (92 кг) – СШ №12, кхоалгIа меттиг яьккхира: Исмаилов Ислама (42 кг) – ГIойтIара СШ, Газиев ИсмаьIала (60 кг) – РСШСБ.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Ӏамийна церан тренерш: И.Исраилов, М.Батаев, Б.Тулаев, Х.Гигиев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де