Боккха кхаъ хуьлу, тахана вайн республикехь дIаваьл-ваьллачохь вайн кегийрхой Iилманца а, спортаца а, говзаллашца а кхуьуш хиларх. Цхьа а юрт, гIала яц тIекхуьучу къоначу чкъурана Iилманан некъ хьехарехь ледара хьал долуш. Вайн махкахь баккхий Iеламнах а бу кхеташ воцчунна хьекъале хьехарш дан.
Шелахь а ю Къуръан а, Iаьрбийн мотт а Iамош йолу хьуьжарш…Царех ю Шелара рузбанан маьждигера Патаев Ахьмад куьйгаллехь волу «Алхадж-Бек» цIе ерг. Кху деношкахь цигара хьал довзаран Iалашонца тхо хьуьжарехь хилира. Долуш долу хьал ма-дарра тхуна довзуьйтуш, шега динчу хаттаршна жоьпаш луш къамел дира хьуьжаран хьехархочо Дакаев Бай-Iелас. Цо иштта дуьйцура: « Тхо, кхузахь кегийчарна а, баккхийчарна а дарсаш хьоьхуш 9 хьехархо ву, мутаIелам 79 ву. Уьш шина рожехь доьшуш бу – Iуьйранна а, суьйранна а».
Бай-Iелас дийцарехь хIора а кIирнах алсамбовлуш бу Iилма Iамо богIурш. «Тхаьш дарсаш хьеха ца ларош хьал хилахь, тIебалон кхин а хьехархой бу тхан» – бохура цо.
«Бераша муха схьалоцу шайна хьоьхург? Муха ду церан Iилманехь кхиар?» Оцу хаттарна жоп луш, Дакаевс дийцира: «Дика Iамадо цара. Шайна хьоьхург схьа а лоцу, цIахь Iамон елларг а Iамайо».
Элпаш Iаморна тIера дуьйна, Iаьрбийн маттахь яздан а, еша а, ламаз эца а, дан а, дагахь Къуръанан сураташ а Iамош схьабоху хьуьжарехь болх. Воккхачуьнца гIиллакх лоцуш, де дика дарца а, вогIу-воьду аларца а гуш дара бераш ийманехь кхуьуш хилар. Уьш кхин а алсамдевлча дарсаш хьеха чоьнаш ю дуккха а. Хьехархой шайн цIерашца билгалбан а луур ду суна. Уьш бу: Нукаев Сар-Iела, Джамбеков Iабдул-Малик, Дишнаева Эльбика, Хаджимурадов Iабдул-Хьамид, Азимов Хьамзат, вежарий ЮсуповгIар Дауд, Сулейман, Расуханова Марьям, иштта, завучаш Дишнаев ТIахIир, Халтиев Бадрудди.
Йист йоцуш боккха бу Делан къинхетам! Бусалба дин довза, Iамо аьтто бу вайн.
Цундела, вайн махкарчу хьуьжаршкахь а, университеташкахь а, школашкахь а, вайн къоначу тIаьхьенна Дала даздина доссийна Къуръан бусалба дин ду Iамош. Доккха ниIмат ду иза.
…Хийла урам –воьдуш-вогIуш, новкъа нахана юкъахь хьуьжарера догIуш, я цига доьлхуш бераш го оьздачу духаршца, карахь Къуръан я жайна долуш. Мел кхаъ хуьлу уьш гича . Дала сирла а, беркате а йойла вайн мехкан кхане!
МАТАГОВ Исхан
Авторан сурт
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо