Нохчийчохь юкъараллин 34 майда тоян лерина тӀедогӀучу 2022-чу шарахь.

Белхаш къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан «ГӀалахь бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроект кхочушъяран гурашкахь дӀахьур бу.
Тоян леринчу майданийн дизайн-проекташ, ерригроссин gorodsreda.ru платформах пайда а оьцуш, республикерчу 7 муниципалитетан бахархоша хоржур ю.
Уьш харжаран мур 5 кӀиранах лаьттар бу.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас билгалдаьккхина проекташ Соьлжа-ГӀалин а, Устрада-ГӀалин а округийн а, Курчалойн а, Шелан а, ТӀехьа-Мартан а, Гуьмсан а, Хьалха-Мартан а кӀоштийн а бахархоша хоржург хилар.
И.АДАМОВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де