«Соьлжа-ГӀала – Ведана – Дагестанан доза» некъ, тобеш, шорбан болийна

Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствос дийцарехь «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь дIадолийна регионан маьIна долу «Соьлжа-ГӀала – Ведана – Дагестанан доза» некъ (объектан юкъара йохалла 4,7 километр ю) тобар.

Автомобилийн некъийн министерствон белхахоша а, говзанчаша а дийцарехь, латта семса, кIеда долчу меттигашкахь пайдаоьцур бу «геосетканех».

Некъаш тодарехь, тIехулара чкъор ца эккхийта лелош ю и тоьллачу технологех йолу материал.

Цул тӀаьхьа, силаман керла чкъор а дуьллуш, серлонан чиркхаш а тосуш, иштта, некъан билгалонаш а хӀиттош, дIахьур бу некъ тобаран белхаш.

Некъ шина декъе боькъуш керт йийр ю, шина асанан некъ, еа асане баьккхинчул тӀаьхьа.

Цо аьтто бийр бу, некъан дикалла ларъян а, иштта хаддаза а, кхерам боцуш а, машенаш шина а агӀор дIасалелийта.

Юкъараллин тергамхоша теллича тобечу некъан хьал, билгалделира некъан белхалой хӀоттийначу планаца дика ларош, схьабогIуш хилар.

А.КАНТАЕВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: