ДIадаханчу шарахь Нохчийчохь 175 эзар гектар гергга йолчу майданашкахь кхиийра ялташ. Оцу майданашкара 2020-чу шарахь чудерзийра 490 эзар тонна ялта. 2019-чу шарахь кхиийначул кхозза гергга алсамхуьлу иза. Оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – юьртан бахаман министра Закриев ИбрахIима.
Цо дийцарехь, ялташ кхиорехь хилла ца Iаш, дикка хийцамаш хилла бошмашлелорехь а.
«ХIора шарахь алсамйовлуш ю лаккхара сурсаталла йолу кхузаманан бошмийн майданаш. Стоьмийн бошмаша дIалоцуш ерг 3 506 гектар майда ю. ДIадаханчу шарахь 706 гектар майданахь керла беш йоьгIна, планаца билгалйина хилларг 300 гектар майда а йолуш. Кемсаша дIалаьцна 3 948 гектар майда, цунах 801 гектара тIехь кемсийн таьллингаш дIадийна дIадаханчу шарахь. Кемсийн валови гулъяр 3 000 тонне дIакхаьчна», – элира Закриев ИбрахIима.
Цул сов, агропромышленни комплексо арахоьцучу сурсаташна юкъахь 65 процент сов даьхнилелоран сурсаташ ду. ТIаьхьарчу пхеа шарахь маIаш йолчу даккхийчу даьхнийн барам 3,8 процентана алсамбаьлла.

2002-чу шеран гIуран (декабрь) бетан 1-чу денна тIекхочуш дохнан барам 252 093 коьрте кхаьчнера. Гезарий а, уьстагIий а 16,2 процентана алсамдевлла (266 408 корта). ЗIакардохнан барам 16,6 процентана алсамбаьлла (1 287 502 корта).
Федеральни а, регионан а тIегIанашкахь доккха гIо-накъосталла дар бахьанехь тIеттIа алсамдолуш ду жижиг даккхар.
2020-чу шеран гIуран беттан 1-чу денна болчу хаамашца жижиг даккхар 7,9 процентана (49 эзар тонна) алсамдаьлла. Кхуьуш ду шура яккхар а. Иза яккхар 9,6 процентана алсамдаьлла.
И.Закриевс чIагIдарехь, республикин Юьртан бахаман министерствос карарчу шарахь дерриге а дийр ду и кхиамаш кхин а лакхабахарехьа, республикин экономикехь аграрни декъе хьокъала йоллу меттиг дIалацийтарехьа.
Хь.САИДОВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де