Шуьйтан кӀоштана хьалха лаьтта халонаш йийцаре йира лерринчу кхеташонехь

Лаьмнашкарчу Шуьйтан кӀоштана хьалха лаьтта халонаш а, бахархошна оьшурш а дийцаре дина кӀоштан администрацехь дӀаяьхьначу кхеташонехь.

10-чу секторан кураторан, Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман куьйгаллица цигахь дӀаяьхьначу могашаллаӀалашъяран а, тӀайш тахкаран а, маьждигаш тодаран а, берийн бошмаш яран а, коммуникацийн хьелаш кхолларан а, и.дӀ. кх.а гӀуллакхаш дийцаре дина.

Билггал аьлча, герггарчу хенахь, тодан долор ду Нохч-Келара маьждиг. Оцу балхана ахчанца гӀо-накъосталла дийр ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондо.

Иштта, Нохч-Келана тӀебоьдучу некъаца а, РегӀдукъана гена доццуш а долу тӀайш тодаран гӀуллакх а хьахийна.

Тидамза ца дитина Хьена-Кхаьллахь а, Лаха-Варандахь а, Нихалахь а, Яраш-Маьрдахь а фельдшерийн-акушерийн пункташ (ФАП) оьшуш хьал хилар а.

Кхеташонан дакъалацархойн сацам хилла бахархошна медикосанитарин хьалхара гӀо-орца кхачоран дакъа а, кӀоштан социальни дакъа а кхиор юкъалоцуш йолу программа хӀоттор бегӀийла гӀуллакх хирг хиларна.

Циггахь билгалдаьлла Борзехь лоьрийн амбулатори а, Уьрд-Юхехь фельдшерийн-акушерийн пункт а, Пионерскехь а, Тумсахь а фельдшерийн пункташ (ФП) а ян лерина хилар.

И белхаш 2023-гӀа шо чекхдалале бийр болуш бу.

Цул сов, кхеташонехь тидамза ца дитина энергетикин комплексаца а, хӀусамийн-коммунальни бахамца а доьзна кӀоштара кхачамбацарш.

И.ИСЛАМОВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: