ХIокху деношкахь, Нохчийн Республиках лаьцна, хаддаза, цхьа а бух боцу статьяш язъечу «Новая газетана» дуьхьал боккха гулам дIабаьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу бешахь гулбеллера Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу лерринчу гIуллакхан полицин полкан белхахойн бIеннаш гергарнаш.
Гулбелларчарна юкъахь бара баккхийнаш а, кегийрхой а, зударий а, цаьргахь дара «Новая газетан» керла харцо», «Милашина – питанча», кхидолу йозанаш тIехь долу плакаташ.
Бахархоша хаийтира шаьш оцу газето бечу питанечу балхана оьгIазе хилар а, цара пачхьалкхан куьйгалле дийхира «Новая газето» Нохчийн Республиках а, дийнахь а, буьйсанна а регионехь кхерамазалла ларъеш болчу бакъонашларъяран органийн белхахойх а лаьцна яржош йолу харцо сацаяр.
Россин Президенте Путин Владимире гулбеллачара дехар дира Нохчийн Республикина дуьхьал еш йолу кхийсарш сацаяйта, аьлла.
– Ас дехар до Россин Президенте Путин Владимире оцу изданеша вайн республикина дуьхьал беш болу болх сацабайта, аьлла. Тхо реза дац оцу питанашна, тхуна хаьа и болх цхьайолчу пачхьалкхаша гIо а деш беш хилар. Тхуна нийсо еза, дуккха а шерашкахь тхан халкъах лаьцна питане статьяш язъечарна дан догIу таIзар дар а лаьа тхуна, – билгалдаьккхира республикин вахархочо.
– Тхайниг дуккха а баланех чекхдаьлла халкъ ду. ХIинцхIинцца машаречу новкъа а девлла, дIадоьлхуш долчу тхуна новкъа ду, цхьа а бух боцуш, «Новая газето» статьяш язъеш хилар», – элира Соьлжа-ГIалин кхечу вахархочо.
Гуламе гулбеллачаьрга, иштта, вистхилира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал а, Россин Юкъараллин палатин декъашхо Солтаев Мансур а.
– Бакъонашларъяран органашна аш бохург дIахезна. Россин Президенте а, Нохчийн Республикин куьйгалле а оха шун лаам дIа а бовзуьйтур бу, «Новая газетан» а, Милашинан а питане болх сацорхьама дан дезарг дерриге а дийр ду аьлла тешна ду вай, вай ваьшка далург дийр ду Нохчийн Республиках лаьцна бух боцу хабарш даржа ца дайта, – билгалдаьккхира Солтаев Мансура.
Денильханов ИсмаьIала билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Юкъараллин палато Россин Президенте Путин Владимире хIинцале кхайкхам бина хилар.
– Аш кхузахь гулам баро гойту, шун шайн халкъан кхолламе бендоцуш хьоьжуш цахилар. Вай вешан ницкъ кхочург дийр ду республикин сий лардархьама, – элира цо.
I.МУРТАЗОВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де