Соьлжа-ГIаларчу Батумски урамехь хилла некъан-транспортан бохам. Иза хиллачу метте кхаьчначу полицин белхахошна билгал ма-даллара, буьйсанна, Батумски урамехула вогIуш хиллачу, 1984-чу шарахь вина волчу «Лада Приора» автомашенан водитела шен автомашен тIетоьхна, магийна доцчухула некъал дехьайолуш хиллачу зудчунна.

Некъан-транспортан бохамехь хиллачу чевнех, бохам хиллачохь, кхелхина 80 шо долу зуда.
Невран кIоштарчу, Гал-ГIала а, Савельевски а ярташна юккъехь хилла кхин цхьа некъан-транспортан бохам. Бохам хиллачу метте кхаьчначу полицин белхахошна билгал ма-даллара, «Моздок – ГIизлара» автомобилийн некъан 40-чу километрехь вовшахкхетта 42 шо долчу республикин вахархочо урхалла деш хилла йолу «Лада Приора» автомашен а, 1996-чу шарахь вина волчу Къилбаседа ХIирийчоь Республикин вахархочо урхалла деш хилла йолу «ВАЗ–21120» автомашен а. Некъан-транспортан бохамехь хиллачу чевнех, бохам хиллачохь, кхелхина «Лада Приорин» водитель, лазийна волу вукху автомашенан водитель Соьлжа-ГIалин клиникин больнице вигна.
Теркан кIоштарчу, «Ищерски – Соьлжа-ГIала» автомобилийн некъан 24-чу километрехь вовшахкхетта «Хендай Солярис», «ВАЗ–21120» автомашенаш. Царна урхалла деш хилла 1992-чуй, 1993-чуй шерашкахь вина волу ши водитель. Бохам хиллачохь билгал ма-даллара, «Хендай Солярис» автомашенан водитела, урхаллица ларацавар бахьанехь, шен автомашен «ВАЗ–21120» автомашенна тIетоьхна хилла.
«Лада Гранта» а, «Газель» а ши автомашен вовшахкхетта Соьлжа-ГIалахь. Некъан-транспортан бохам бахьанехь кхелхинарш, лазийнарш бац, автомашенаш кIеззиг йохийна.
Къастош ду лакхахь хьахийначу некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а. Таллам дIахьош бу.
Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин пресс-службин гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де