Нохчийчоьнан Конституцин денца доьзна НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! БерхIитта шо хьалха, 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь нохчийн халкъо цкъа а, гуттаренна а тIадам хIоттийра хIокху заманан бохамечу хиламийн рагI сацош. Даррехь а, паргIат а дIаяьхьначу дерриге а халкъан референдумехь Нохчийн Республикин, берриге а бохург санна, бахархоша дIахаийтира шаьш Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехьа хилар.

Референдум дIаяхьа езаш хилар юкъадаьккхинарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара. Халкъ даггара тийшира цуьнан политикин хьикматах, лаккхарчу патриотизмах, шен берриге а ницкъаца иза харцонна а, террорана а дуьхьал вала лууш хиларх.

Вайн республикехь тахана хуьлуш болчу дикачу хийцамийн, промышленность, экономика, дешар цхьанаэшшара кхуьуш хиларан тидам беш долу нохчийн халкъ, дедийне даларца, чIагIлуш ду ша бина харжам нийса хиларан ойланехь.

Вай гуттаренна а дIадаьккхина терроризмаца, сепаратизмаца доьзна дерг, кхачо йина Iедалан пачхьалкхан ерриге а органашка кхачам боллуш гIуллакх дайтарна, вайн республикехь закон а, машар а, къепе а дIахIоттийна. Боккха мах дIабелла вай оцу толаме кхачархьама. Нохчийн халкъан эзарнаш тоьллачу кIенташа шай дахар дIаделла оцу толаме кхачархьама.

Вайн республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххе дIа а хIиттина, цкъа а гина йоцчу турпалаллин, майраллин, доьналлин масал а гойтуш, цара нохчийн махкахь машар хилийтарна кхачо йира, халкъана таро елира шайн кхоллам къастон болу харжам бан.

Оцу халчу киртигехь Ахьмад-Хьаьжин гIолецира Россин Федерацин Президента Путин Владимира. И бахьанехь вай даима а баркалла бохур ду цунна. Ас даггара декъалбо республикин берриге а бахархой Конституцин Денца!

Шеко йоццуш, бекарг беттан 23-гIа де вайна уггаре а мехалчех а, ладамечу а денойх цхьаъ ду кхузаманан исторехь. Билггал, оцу денна тIера дIадоладелла вайн халкъ когахIоттар а, кхиар а, хьал-де тодалар а, аьтто хилар а. Билггал референдумо сацийра нохчийн махкахь къизалла лелор, кIуркIамани хилар, цIий Iенор.

Ас даггара баркаллин дешнаш боху оцу халачу муьрехь, шайгахь майралла а хилла, нийса харжам а беш, Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехьа кхаж тесначарна массарна а.

Замано гайтина иза, ша цхьаъ бен боцу нийса некъ хилла хилар. Цо кхачойира вайн бакъонаш карарчу хенахь а, кхул тIаьхьа а ларъярна.

Республикин берриге а бахархойн доьзалшкахь беркат, коьрта тIехула маьрша стигал, дуккха а шерашкахь ирсе дахар хуьлийла лаьа суна! Кхин цкъа а, хьомсара махкахой, даггара декъалдо шу дезачу денца!

№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: