Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана социальни зIенехь йолчу шен агIонехь боккха кхаъ хиларца дIакхайкхийра: «ДоттагIий, Бетербиев Артура WBC а, IBF а версешкахула дуьненан чемпионан цIе ларъярца кхин цкъа а дIагайтира карарчу хенахь ахъезачу категорехь дуьненахь а уггаре а тоьлла боксер ша хилар».

Бекарг (март) беттан 20- чу буьйсанна Бетербиев Артур Москвахь немцойн похIмечу боксерах Дайнес Адамца леташ вара.
Оцу буьйсанна дуьххьара Россехь леташ вара «Ахмат» клубан векал. Ирачу къийсамехь, вовшийн кхоор доцуш дIадоладеллачу оцу цхьаьнакхетарехь юьххьехь дуьйна а ринган «да» ша хилар дIагайтира Артура, хьалхарчу раундан чаккхенехь Адам нокдауне а вохуьйтуш.
Делахь а, къарлур волчех ца хиллера немцо. Шен ма хуьллу дуьхьало йора цо, наггахь ондда буй а тухуш. Делахь а, дерриге а чекхделира иттолгIачу раундехь – А.Бетербиевс нокауте вахийтира А.Дайнес.
БIаьрла толам бара иза. Корматаллин боксехь дIадаьхьначу 16 тасадаларехь 16-зза толам баьккхина цо, шех леташ хилларш берриге а нокауте а бохуьйтуш. 16 тасадалар – 16 нокаут! Ишттачу кхиаме кхаьчна цхьа а боксер вац.
«Артура рингехь шех леташ берш тухий-тухий охьабохку, царна кхиаме даха дог ца дуьтуш. Цу тайппана башха боксер ву иза. Тхан цуьрриг а шеко яцара Бетербиев тоьларг хиларх. И шеко хила цо меттиг а ца юьту…», – яздина Р.Кадыровс.
«Тасадалар чекхдаьлла, хIинца коьртаниг ду Артур оцу кхиамах тоам бина цасацар. Цуьнан, хIинца долчу хьолехь, ницкъ кхочур бу масех чемпионан цхьаьнакхетар-тасадалар дIадахьа а, шен девизионехь чемпионан дерриге а доьхканаш схьадаха а. Суна хаьа Артура шена хьалха иштта Iалашонаш хIиттош хилар. Иза оцу Iалашонашка кхачалур а ву», – чIагIдира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо даггара декъалвира Бетербиев Артур оцу бIаьрлачу а, мехалчу а толамца.
«Артур, оха дозалла до хьох!», – дерзийра цо шен къамел.
Баккъал а, нохчийн дерриге а халкъана боккха кхаъ хилла Артура Москвахь хиллачу цхьаьнакхетарехь толам баккхарх. Вайн дерриге а халкъана юьхькIам бу иза.
Д.АНАДЕВ
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де