Нохчийн Республикин Конституци тIеоьцуш доккха дакъалаьцна нохчийн журналисташа

Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаран референдум дIаяьхьна 18 ша кхачар билгалдаьккхира Хаамийн а, зорбанан а министерствехь.

Цигахь дакъалоцуш бара республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а, журналистикин ветеранаш а.

Нохчийчоьнан уггаре а мехалчу денца журналисташ декъалбира вайн мехкан Куьйгалхочун гIоьнчас, Хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада.

– Вайн махкана уггаре а чолхе мур тIехIоьттинчу хенахь, шайн дахарна туьйсучу кхерамна къар ца луш, болх бира нохчийн журналисташа. Къаьсттина 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаран референдум дIахьочу дийнахь. И вайна массарна дика дагадогIу. Республикин массо а кIоштара хаамаш бовзуьйтуш бара вайн журналисташ. Цул сов, дерриге а дуьненна а дIадовзийтира нохчийн халкъо харжам бо де. Оха дозалла до шух. Масал а оьцу, – элира Дудаев Ахьмада.

2003-чу шарахь Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаран хаамаш бахархошка дIакхачош жигара дакъалацарна Баркаллин кеташ делира Нохчийн Республикин хьакъболчу журналисташна Дадаев Сайд-Хьасанна, Исмаилов Абуна, Хаджимурадова Табаракна.

ВЕГИЕВА Макка
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: