ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Пачхьалкхан галерейхь дIадаьхьира Нохчийн Республикин Конституцин денна лерина цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин туризмехула волу министр Байтазиев Муслим а, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Элембаев Iалихан а, журналисташ а, школашкара дешархой а.
Гулбеллачара билгалдаьккхира, 2003-чу шеран (март) беттан 23-чу дийнахь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца, вайн республикехь референдум дIаяхьар а, республикин коьрта закон – Конституци тIеэцар а вайн халкъан кхолламехь Iаламат мехала хилам хилла хилар а, оцу гIуллакхо машаречу дахарна бух биллина хилар а.
Школашкарчу дешархоша Нохчийчоьнах, Кадыров Ахьмад-Хьаьжах лаьцна байташ йийшира.
Хьешаша экскурси йира Пачхьалкхан галерейхула, иштта, уьш хьаьвсира Соьлжа-ГIалин №1 йолчу берийн исбаьхьаллин школин дешархойн мастер-классе.
Цул тIаьхьа, гулбеллачара, ара а бевлла, «Сан республика – сан дозалла» флешмоб дIаяьхьира.
I.МУРТАЗОВ
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де