Аптекашкахь электронни рецепташ схьаоьцур ю

Вайн республикин бахархошна молханашца кхачояран гӀуллакх тодаран Ӏалашонца, аптекашкахь электронни рецептийн программа юкъаяло дагахь бу хӀокху шарахь.

Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон медицинин-аналитикин туьшан куьйгалхочо Израилов Арсена.

Молханашца кхачояран электронни рецептийн программа кхочушйийр ю Къоман «МогашаллаӀалашъяр» проектан гурашкахь «ЕГИСЗ буха тӀехь МогашаллаӀалашъяран хьаьрмин терахьийн цхьааллин зил кхоллар» регионан проектан гурашкахь.

– Аптекийн ерриге а организацеш (хуьлийла уьш пачхьалкхан я долахь йолу аптекаш) могашаллаӀалашъяран хьаьрмин Пачхьалкхан хаамийн цхьааллина юкъайогӀур ю. Таханлерчу дийнахь ЕГИСЗ-на юкъахь ю регионан ерриге медицинин учрежденеш а, пачхьалкхан аптекаш а. Электронни рецепташ юкъадахаро хӀун пайда бохьур бу я хӀун маьӀна лелор ду цара? Цкъа делахь, харц рецепташ яздар дӀадаккхалур ду, рецепт электронни кепехь хилча Ӏалашделла ду, цунна копи яр гӀолехь хир ду иза юхаяздайта гӀерташ къахьоьгуш лелачул а, цул сов, оццу цхьана рецептаца молханаш масийттазза дохкарх ларбийр бу нах, – дийцира А.Израиловс.

Аптеке веанчу стага шен «Госуслуги» порталерчу «МогашаллаӀалашъяр» кабинета чу еана QR-код гойтур ю, тӀаккха фармацевта, оцу кодана сканер а йина, молха ду-дац толлур ду ЕГИСЗ-н кабинета чохь.

Дархочун лааме хьаьжжина, молханийн электронни рецепт кехатан кепехь а яздийр ю.

2023-гӀа шо чекхдолуш, Россин ерриге а пачхьалкхан аптекаш а ю молханаш яздаран кеп электронни кепе ерзо езаш.

З.ЯХЪЯЕВА
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: