«ПохӀме адамаш» проект

Нохчийн Республикин культурин министерствон куьйгалло лерринчу тергонехь латтош бу къоман «Культура» проектан гурашкахь кхочушъечу федеральни «ПохӀме адамаш» проектехула болу болх.

2019-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикехь кхиамца кхочушъеш ю Къоман «Культура» проект. Оцу проектан гурашкахь кхочушъеш федеральни 3 проект а ю: «Кхоллараллин адамаш», «Терахьийн культура», «Культурин хьаьрма».

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис инстаграмерчу шен агӀонехь билгалдаккхарехь, регионан квотица 2021-чу шарахь говзалла лакхаяккхаран курсашкахь доьшур ду культурин хьаьрмин 298 белхахочо. ХӀинцале а, шеран хьалхарчу 3 баттахь, царах дешна ваьлла 62 говзанча. Дешар а федеральни туьшашкахь, культурин институташкахь дӀахьош ду.

Х-Б.Дааевс культурин министерствон Дешаран-методикин туьшан директорца Насугаев Ӏаьрбица хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцира республикин культурин а, искусствон а белхахойн говзалла лакхаяккхарехь дӀахьочу балхах лаьцна.

2020–2021-чуй шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан «Хорехь илли алар», «Сольфеджио», «Фортепьяно», «Изобразительни а, декоративниприкладни искусство» дакъошкахула хаарш лакхадаьхна 56 белхахочо.

Дешаран-методикин туьшан куьйгаллина тӀедиллина культурин хӀора а белхахочун говзаллин, хаарийн, дешаран тӀегӀа билгалдоккхуш, хьесапан анкета хIоттор.

Бекарг (март) бутт юккъе бахале Дешаран-методикин туьшан векалш 17-зза хилла республикин кӀошташкахь. Анкета язийна 705 белхахочо. Царах 536 белхахо культурин дешар дешна бу. Тесташ йича шайн балхана хьакъ волуш «тӀехдика» – 40, «дика» –158, «кхачам боллуш» –179, «кхачам боцуш» – 158 белхахо хилар гучуделира.

Вайн республикин куьйгалло культурин хьаьрма кхиорехь а, цуьнан материальни хьелаш тодарехь а, бахархойн хьашташ кхочушдарехь а дӀахьош боккха болх бу.

Культурин белхахой шайн белхан меттигашкахь бахархойн хьашташна само еш хиларе кхойкху министра. Уггаре а хьалха культурин учрежденийн куьйгалхойн бала кхача беза болх мелла а эвсаре дӀахӀотторан. Заманан лехамаш хӀора дийнахь лакхабуьйлуш бу.

Кхечу хьаьрмашкахь санна, культурин хьаьрмахь къахьоьгуш верг а заманца дӀаваха Ӏама везаш ву. Ткъа оцу Ӏалашоне кхачархьама культурин хьармин хӀора а белхахо шен хаарш лакхадохуш хила веза.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: