Ерригроссин «Хиндолчун хьехархо» конкурс «Росси — аьттонийн мохк» президентан платформин проектех цхьаъ ю.
Россин Федерацин серлонан министерствос кхочушъеш ю иза Къоман «Дешар» проектан гурашкахь.
Оцу конкурсан финалан мур бекарг (март) беттан 16–21-чуй деношкахь дӀахьош бу Санкт-Петербургехь. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон пресс-службо.
Конкурсехь дакъалаца бакъо къевсира Россин Федерацерчу 39 эзар командо, ткъа царах финале яьлларг 99 команда ю.

Конкурсан тӀаьххьарчу финалан муьрехь шайн хаарш, хьуьнарш къовсур ду Россин 44 регионерчу 296 хьехархочо.
Хьалхарчу командина юкъахь бу Санкт-Петербургера, а, Кемеровн областера а, Нохчийн Республикера а, Свердловскан областера а, Ставрополан махкара а хьехархой. Уьш юьхьанцарчу классийн а, оьрсийн меттан а, литературин а, математикин а, географин а хьехархой бу.
Финалистийн конкурсан очни кепара долчу 3 зерех чекхбовла дезар ду.
Конкурсан финалан муьрехь Нохчийн Республикин цӀарах дакъалоцуш ю Къилбаседа-Кавказан федеральни округан регионийн муьран ахфинале а евлла, толаме кхаьчна йолчу хӀокху хьехархойн 5 команда:
1-чу командехь бу Соьлжа-ГӀалин «Ю.Д.Дешериевн цӀарах йолчу Лингвистикин школин» хьехархой Яндиева Бэлла, Висаитова Макка, Сембиева Ӏайнаъ;
2-чу командехь бу Соьлжа-ГӀалин «Хь.Ибрагимовн цӀарах йолчу№1 йолчу Математикин школин» хьехархой Эдаева Эмила, Крымсултанова Аминат, Юсупова Хеда;
3-чу командехь бу Соьлжа-ГӀалин №28 йолчу школин хьехархой Лафишева Юлия, Хасаев Ислам, Изнауров ЯрагӀи;
4-чу командехь бу Соьлжа-ГӀалин №4 йолчу гимназин хьехархой Авторханова Лиана, Гадаева Залина, Гараева ПетӀамат;
5-чу командехь бу Шелан кӀоштарчу Эвтара юьртан №3 йолчу школин хьехархой Айдамирова Зулихан, Исаева Хеда, Озниева Асет.
Конкурсан дистанционни а, очни а муьрех кхиамца чекхъевллачу командашна тӀехӀиттийна бу Ӏилманан декъехула бевзаш болу нах, Россехь евзаш йолчу юкъара дешаран тоьллачу организацийн куьйгалхой а, методисташ а.
Ерригроссин «Хиндолчун хьехархо» конкурс шен башхалла йолуш ю.
Конкурсан ахфинале а, финале а евллачу хьехархойн командех хьехархойн юкъаралла вовшахтоха Ӏалашо ю.
З.ХИЗИРОВА
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де