ЦIеяйъархойн хаарш зуьйш…

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу урхаллин куьйгалхочун тIедилларца, хIокху деношкахь, Соьлжа-ГIалахь, цIеяйъаран-кIелхьарадахаран дакъошна юкъахь, некъан бохаман тIаьхьенаш дIаяхаран хьокъехь Iамораш хилира.

ГIо оьшуш стаг хилахь, цунна дика гIо дийр долу говзалла караерзор а, цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран а Ӏалашонца вовшахтоьхна дара уьш.

Командашна хьалха лаьтташ дара некъан бохамехь лазийна стаг машен чуьра схьаваккхаран декхар. И гIуллакх сиха а, бакъонаш ларъеш, нийса а дан дезара.

Иштта, МЧС-н белхахоша йовзийтира йохийначу машен чуьра лазийнарг схьаваккхаран а, цIейойъург нийса лелоран а кепаш. Гайтира, некъан бохамашкахь лазийначарна больнице кхачале гIо муха дан деза а.

Кхерам я бохам тIехIоьттинчохь сиха гIо дан шаьш кийча хилар а, шайгахь хьуьнар, хаарш хилар а гайтира МЧС-н белхахоша оцу къовсамехь.

Иштта, тоьлларг а къастийра командашна юкъахь — Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кIоштахь долчу цIеяйъаран-кIелхьарадахаран №5 йолчу декъан белхахоша яьккхира хьалхара меттиг.

Цул сов, толам баьккхинчеран аьтто хир бу регионашна юкъахь дIадахьа леринчу къийсадаларашкахь дакъалаца.

А.АБУЕВ
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: