Хьуьнан акха цициг

Оьрсаша хьуьнан акхачу цицигах «лесной кот» олу. ЦIахь кхобучу цицигах тера ду иза. Амма цул жимма онда ду.

50–75 см деха ду, цIога 25–35 см. ТIера цIока кIеда а, чо луьста болуш а ю, цу тӀе, стомма а, месала а ду. Лергаш а ду цуьнан, вайн цIерачу цициган санна. Бос, жимма мекха лаьцча санна, сира бу. Накха а, чукIело а хьаьрса ю. Пурхнехьа букъа тIехь а, агIонца а кIайн моханаш ю.

Цуьнан деха, мокха и томмагIаш хедда ду. Корта, и томмагIаш а долуш, къорза бу цуьнан. ЦIоганна тIехь мокха чIагарш ю, ткъа цуьнан юьхьиг Iаьржа ю.

Цхьаъ ша лела цициг. Дийнахь лечкъий Iа иза, дечиган хари чохь, тIулган бердашкахь, оьрнашкахь, мохо охьатоьхначу диттан орамашна кIел.

Цуьнан даар, коьртачу декъана, олхазарш, дехкий ду. Кхийолу садолу хIуманаш а юу цо. Бен хари чохь я тIулгийн херонашкахь бо цициго.

Кавказан лаьмнийн хьаннашкахь ду уьш. Цул сов, Веданан а, Шелан а, Шуьйтан а, ТӀехьа-Мартан а кӀошташкарчу хьаннашкахь хаалуш а ду акха цицигаш.

А.КАНТАЕВ
№22, бекарг (март) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: