Вайна юкъара дIаваха нохчийн воккха Iилманча, филологин Iилманийн доктор, догцIена стаг Iелимхьаьжин ШаIрани.
30 шо хан яра цо нохчийн барта кхолларалла талларехь болх бен. Дуккха а Iилманан белхаш язбинера цо оцу декъехь. Дан леринарг а дара дуккха а.

Цхьана а дийнахь садаIар доцуш, дуьненахь шена яккха йисинарг кIеззиг бен хан йоций хууш санна, къахьоьгуш вара иза Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетехь а, нохчийн мотт а, литература а кхиоран институтехь а.
Дан долийна дуккха гIуллакхаш юкъах а дохуш, цIеххьана бакъдуьнена дIаваха иза шен дахаран 73-чу шеран юьххьехь. Иза кхалхарца доьзна боккха эшам хилла нохчийн Iилманна, фольклорана, маттана, нохчийн дерриге а халкъана. И санна волу Iилманча кхио иттаннаш шераш оьшу. Цу тIе, муьлх-муьлххачу Iилманчех а ца хуьлу Джамбеков ШаIрани санна халкъан барта кхоллараллина чу са диллина Iилманча.
Атта ца хиллера цуьнан дахаран некъ. Нохчийн халкъ, махках даьккхина, Казахстане а, ГIиргIизойчу а дIахьажийначу хенахь, меца а, шийла а, къиза а деанчу 1949-чу шеран чиллин (февраль) беттан 17-чу дийнахь дуьнен чу ваьллера иза.
ГIиргIизойчохь чекхъяьккхира хьалхара класс. Делахь а, шолгIачу классе шен дай баьхначу Шуьйтан кIоштахь вахара. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа кIоштарчу «Ленинец» газете балха вахара.
Балхана юкъах а ца волуш, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет (нохчийн мотт а, литература а, оьрсийн мотт а, литература а) чекхъяьккхича, оццу университете балха ийцира иза.
Цул тIаьхьа Гуьржийчоьнан Iилманийн академин литературин институтерчу аспирантурехь дийшира. Бакъду, Нохчийчохь тIеман кIуркIамане ехха латтар бахьанехь, филологин Iилманийн кандидатан а, докторан а диссертацеш чIагIъяр тIаьхьо бен ца нисделира цуьнан.
Джамбеков ШаIрани Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхо вара, цо жигара дакъалоцура вайн республикехь а, цул арахьа а дIахьочу Iилманан-практикин конференцешкахь, симпозиумашкахь, тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь. Массаьрца кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда вара. Цундела массарна а дукхавезаш вара.
Дала гечдойла цунна! Дала ийманца собар а, собарца ял а лойла цуьнан доьзална, гергарчарна, халахетаран дакъа мел кхаьчначарна!
НАКЪОСТИЙН ТОБА
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де