Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин белхахоша, «Терго» цIе йолу оперативни-лахаран мероприяти дIахьочу хенахь, Соьлжа-ГIалин Караевн урамехь сацийна 33 шо долу Гуьмсан кIоштан вахархо.

Таллам дIабаьхьча, тешаш а болуш, вахархочуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина, ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 115 грамм гергга наркотик.
Профилактикин мероприяти дIахьочу хенахь, Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу отделан белхахоша, документаш талла сацийна хилла 1956-чуй, 1986-чуй шерашкахь вина волу ши вахархо.
35 шо долчу вахархочун буйнахь Iаьржа полиэтиленан тIоьрмиг хилла. Цу чохь хIун ю аьлла, шега динчу хаттарна, ах-ах литр спиртан продукци чохь йолу пластикан ши шиша ду аьлла жоп делла цо.
Цо дийцарехь, 2000 соьмах вевзаш воцчу вахархочуьнгара эцна хилла цо иза.
Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Наркотикашна тIехь терголатторан урхаллин белхахоша, «Терго» оперативни-лахаран мероприяти дIахьочу хенахь, наркотикаш лелорна шеко кхоллаелла, сацийна республикин кхин а кхо вахархо.
Невран кIоштарчу Ищерски юьрта йисттехь полицин белхахоша сацийна Шела кIоштарчу Эвтара юьртан 55 шо долу вахархо. Таллам дIабаьхьча, цуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина, ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 15–20 грамм наркотик юкъахь йолу кIайн кехатан ларча.
Оццу кIоштан Алпатово юьртан къилбаседа-малхбузе агIор, полицин белхахоша, наркотикаш лелорна шеко кхоллаелла, сацийна 1980-чу шарахь вина волу Шелан кIоштарчу Эвтарара вахархо. Цуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина, ораматех схьаялар долу, 20–30 грамм гергга наркотик юкъахь йолу ларча.
Шелан кIоштарчу Гермачиг юьртахь, полицин белхахоша сацийна, 1976-чу шарахь вина волу меттигера вахархо. Таллам дIабаьхьча, полицин белхахоша, цуьнан курткин чухаларчу кисанахь кара а бина, схьабаьккхина, ораматех схьаялар долу, аьтта йолу, якъийна йолу, баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 120 грамм гергга наркотик юкъахь йолу Iаьржачу басахь болу тIоьрмиг.
Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю лакхахь хьахийначу бахархоша динчу зуламийн.
Схьаяьхна наркотикаш талламбан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше. Таллам дIахьош бу.
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де