Тамашийна хIума ду, хьо цкъа а ца хиллачохь дуьххьара бен ца хиллашехь, эзарза цигахь хилла моттало. Айдамиров Абузаран хIусамехь цIахь санна паргIат, аьхна хеташ хиллера. ХIусам, ков-керт кетIара дуьйна Абузарах шех тера оьзда, совнаха хIума доцуш ду. Нажи-Юьртан районерчу Маскитахь массеран а чиркхаш дIадайча а, яздархо хийлаза сахуьленга вийлина х1усам ю-кх х1ара «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Ненан дог», «Вайн амалш», «Тхан эвлахь», «Маршонан цIарах», «Лаьмнашкахь серло», «Генарсолтин хьуьнарш», «Кхолламан цхьа де», «Ирхенаш», «Вешин весет», «Сан дахаран некъаш» книгаш язъеш.
Нохчийн къоман кхолламна хийлазза вилхина вара иза, нохчийн къоме само яр хийла дехна вара. ДIадевллачу бIешерийн хиламаша, Кавказ йоккхуш бинчу тIемашкахь а, цул тIаьхьа нохчийн къам махках доккхуш а лайна халонаша дог хорамашкахь лаьттинчу цо яздира нохчийн къам Хонкара, Казахстане дигарх. Харцонаш, халонаш йийцинчу цо, юха ша вехачу заманахь хийлаза ша яздинарг юха а тIехIоьттича хала лайра, аьлча а, ца лайра. Абузаран музей чохь долчуьнга хьоьхуш цуьнан тIаьххьара даьккхинА сурт гича, цо кийрахь къийлина узам хезаш хетало. Даймохк шен цхьа уьйтIе санна, къам – шен цхьа доьзал санна гергара хеташ ваьхначу цо, эзарза литтира вайн къоман гIалаташ, мостагIийн ямартлонаш. Делахь а, дуьне массарех диса дезаш ду. Дуьсуш дерг оцу адамех олу дош ду. Тахана вайн къоман юьхькIам бу Абузар. Истори, хронологи, очеркаш, публицистика, цо къахьегна литературин ерриге а жанрашкахь.
Абузар – дог-цIена адам, дагца, гIиллакхашца нохчалла йолу ваша хилар хууш а, гуш а дара даима. ХIинца цуьнан хIусамехь, цуьнан тептаршка хьоьжуш, хаало, иза Дала шена мел деллачун тIалам беш ваьхна хилар. ХIора кехат шен низамехь дIадиллина ду, хIора де йозанехь дисина ду. Шен кхолламан мIаьргонойн маьIна ца деш ца Iийна иза.
Музей чохь масех гайтам бу. Абузаран гергарлонаш гойту царех цхьаммо. Яздархошца хилла кехатийн къамелаш. М.Сулаевс, М.Мамакаевс, Н.Музаевс, А.Сулеймановс, Х.Эдиловс, Ш.Арсанукаевс, З.Муталибовс, Х.Ошаевс, М-С.Гадаевс яздина кехаташ ду. Уьш хIора а мехала ду, безам хеташ лардина ду.
«50 шо даьлча, истори юха хьаьвзаш ю» аьллачу гайтамехь Нохч-ГIалгIайн историн хронологи ю, нохчийн бохаман орамаш гайта гIерташ Абузара бина болх. Нохчашна цхьа мур дIа моссаза бели «пропускашца» езаш нисделла дехьа-сехьа валар. ГIиргIизийн Республикехь елла «спецпропуск» ю 1954-чу шеран 10-чу февралехь, юха цунна уллехь Iуьллу 2000-чу шарахь елла «пропуск» а. Яздархо ГIиргIизойн АССР-н Джамбульски областан Каравански районерчу Успеновка юьртахь Iийна ву, вайн къам махках даьккхича. Оцу гайтамна уллехь йолчу стоьла тIехь лаьтта яздархочо болх бина зорбанан машен «ConsuI», 2005-гIа шо, 27-гIа май терахьна тIехь сецна рузма ю «тIаьххьара де» аьлла. Иза Абузар кхелхина де ду.
Тахана боккха безам хета яздархочун куьйга йозанаш а. Зорбане йийлинчу шен я кхечеран статьяш тIехь цо йитина хьаьркаш ю шена тайнарг я ца тайнарг билгалдеш.
Хаамийн зорбанан гIирсаш, газеташ, журналаш ду цо Нохчийчохь тIемаш болуш (1995–2000-чуй шерашкахь) тIамах лаьцна мел аьлла дош тIехь долуш гулдина. Уьш меттигерчу а, луларчу республикийн а, Россин коьртачу а газеташна, журналашна тIехь а гулдеш хилла. АйдамировгIеран библиотека цхьана доккхачу цIа чохь ю. Цу юккъехь лаьтта горга стол. Цу тIехь долчу Iаламат даккхийчу тептарах дерг хаьттира оха Абузаран йоIе Машаре. «ХIара книга Вашис ша мел яздинчу хIуманна чот еш йина реестр ю. Муьлхачу шарахь, муьлха газета, журнала тIехь шен статья, романан кийсаг хилла хоуьйтуш. Сирникан биста кхаччалц, мел долчу хIуманан пусар деш вара иза» – элира цо.
Музейхь Абузаран книгаш, документаш, библиотека, куьйга йозанаш, нахана юкъаволуш цо лелийна бедарш, суьрташ ду, дечиг-пондар бу. Цхьаьнакхетаршкахь цуьнан кхолларалла езархоша делла хилла совгIаташ ду. Иштта, цуьнан хIусамненах МухIажарах лаьцна дуьйцуш гайтам а бу.
Хаддаза хьеший лаьтта нохчийн къомана дукхавезачу яздархочун хIусамехь. Музейн уьйтIе, чоьнаш гича а хадам боллуш алалур дара: Абузар дика да а, хIусамда а хилла. Хьеший безаш, шена уллехь мел нисвелларг Делера совгIат санна тIеоьцуш ваьхна иза.
Хьанал вахар дезнарг дуьненан хIуманех Iеха луш хилла ца хилар го Абузара язйинчу «Сан дахаран некъаш» дагалецамашна юккъера, пенах кхозучу гурашна чуьра, кийсагаш ешча:
«…Цкъацкъа цхьа юкъ йогIура къийсамо кIадвича, гIелвича сан собар, сацам, ойла а лестош, карахь кепек ахча а доцуш, хила меттиг а йоцуш. Хийлазза меттигаш нислора Ленински библиотекера я архивашкара араваьлча, юкъарIойле дIаваха трамвайна, автобусна яла кисанахь пхи кепек йоцуш. Хийлазза, иштта, Соьлжа-ГIала а вахана, школин я колхозан, я районерчу учрежденийн машенашца. ТIаккха ойла кхоллалора, ванах, хIокху къелле доьзал а боьллина, ас хIара къа хIунда хьоьгу-те?! – олий. Цул а, кхечара санна, Ленин, парти, советийн Iедал, сийлахь доккха оьрсийн халкъ а хестош, къоман гIиллакхашна, динан дайшна Iиттарш еш книгаш а язъеш, уьш хIора шарахь арайохуш хIунда ца Iа со?
ТIаккха, уьш нохчийн а, оьрсийн а маттахь шозза а, кхузза а арайохур ма яра. ТIаккха нехан санна, сан хIусамехь а импортни йийбар, хрустал, фарфор, безачу механ кузаш, хехка машен хир яра. ХIора шарахь доьзалца курорте, санаторе, хIорда тIе садаIа гIойла а хир дара.
Иштта ойла а хьаьвзара цкъа коьрте. ТIаккха лаамза сан бIаьргаш пенаца кхозучу нохчийн къоман турпалхойн суьрташна тIебоьрзура: Шайх Мансур, Таймин Бийболат, Зеламха, Чермоев Iабдул-Межед, Шарипов Асланбек нохчийн наибаш: Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа. Оцу суьрташка хьаьжча, юха а ойла хийцалора сан. КIадделлачу, гIелделлачу дегIе юха а ницкъ богIура». Халкъан яздархочуьнга бен ала лур дацара, дийца хуур дацара иштта бен.
2006-чу шеран 2-чу ноябрехь дара Айдамиров Абузаран цIарах литературни-мемориальни музей схьайиллича. Нохчийн Республикин къоман музейн филиал лоруш ю тахана и музей. Цуьнан директор Абузаран йоI Айдамирова Машар ю. Музей схьаеллар а, иза хилар а нохчийн къоман культурехь, исторехь боккха хилам бу. Абузар шена тIе беза мохь эцна, халкъах дош аьлла яздархо, историн, къоман верас хилла ваьхна стаг ву.
Музей чохь, лакхахь ма-аллара, Абузарна дезна хIуманаш ду, хIусам нохчийн хилар гойту билгалонаш; истанг, чоа, шаьлта, тур-тапча, цо хаза локхуш хилла дечиг-пондар, Эдисултанов ШитIас ша бина, белла Iад-хьокху пондар. Абузаран да Iабдулхьаькам Iелам стаг хилла. (Дала декъал бойла уьш) Iаьрбийн мотт дика хууш, Къуръан доьшуш стаг хилла. Цо лелийна Сийлахь Къуръанаш ду музейхь, баьрче дехкина.
Абузар Хьалха-Мартан районан больницехь дIаваьлла. Иза тIехь Iиллина маьнга, оцу больницерчу лоьраша музей еш ю аьлла хезча, схьабеана дIахIоттийра.
ЙоьIаца Машарца дехха къамелаш деш Iийра тхо. Уггаре а дагахь лаьттина музейн хьеший муьлш бу хьуна, аьлла, хаьттича цо дийцира: «Масех шо хьалха Сесанарчу зератера богIушшехь вайга цхьа хазачу тамехь баккхий нах бахкар ду суна чIогIа безам хеташ. Дешархой я студенташ хиларх дIадоьллера, ткъа оцу тайпа баккхий нах, лерина нийят а дина Ваши ваьхначу хIусаме хIитта лаьара шайна аьлла бахкар чIогIа хаза, мерза дара. Цара дукха хаза хIуманаш а дийцира, ламазаш а дира, мел а белира. Ваши ваьхна зама юхаеъча санна дара иза. Иштта, «Еха буьйсанаш» Iарбийн матте гочйина волу Иорданера Фовзи Асхьаб вар а, цуьнца цхьаьна Оманерчу университетан ингалсан меттан кафедрин куьйгалхо йолу нохчи Фатима Джафар яр а бара хаза кхаъ»
Ткъа къоначарна хаьий хIара музей хьенан цIарах ю, (цуьнан маьIна, мах) хаьттича, Машара дийцира: «Вай реза-м дац вешан кегийрхошна, амма тахана санна нохчийн историца бала кхочуш, Абузаран кхолларалла йовза луу кегий нах хилла зама суна дага а ца йогIу. Мел дукха хаттарш до цара, мел чIогIа лаьа царна цунах дерг довза. Со йоккхае иштта денош даьхкича».
Абузар ваьхначу, леллачу урамашкахула, цунна езначу Мескита хIоьттича, сайн дог-ойла гIийла а, юха оццу хенахь дозаллах гIаьттина а карийра суна. Цуьнан кхоллараллех хаддаза дуьйцур ду яхь йолчу тIаьхьено.
Луур дара, тIейогIучу хенахь цуьнан книгаш ингалсан, французийн меттанашка гочйина ган. Нохчийн къам а, цуьнан истори а йовза луучарна карор дара иза, оьшур дара и гочдарш нохчийн литература дуьненан литературина юкъаяло.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрташ
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо

