Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабаша (сахьабаша) мехала маьIна лелийна цуьнан дахарехь а, вайн умматан оьмарехь а.

Къаьсттина доккха маьIна лелийна бусалба дин даржорехь Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) даима а юххехь хиллачу, цуьнан тешаме гIоьнчий хилла дIахIиттина хиллачу асхьабаша. Дела реза хуьлда царна!
Церан оьздангалла, гIиллакхаш, амалш, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уьш муьтIахь хилла хилар, царна Веза а, Сийлахь а волу АллахI везар берриге а бусалбанашна дика масал ду. Ларамаза ма дац асхьабаш адамех уггаре а диканаш, бусалбанех уггаре а диканаш лоруш хилар.
IабдуллахI ибн МасIуда дийцина Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Уггаре а дика адамаш ду сан заманахь даьхнарш, царал тIаьхьа – царна тIаьхьа догIу дерш, царал тIаьхьа – царна тIаьхьа догIу дерш…» (альБухари, Муслим, Ахьмад, Абу Давуд, от-Тирмизи).
Бусалба динан оьмарехь гIараваьлла хилла ву шайн цIе IабдуллахI хилла виъ асхьаб: IабдуллахI ибн Iаббас, IабдуллахI ибн Iумар, IабдуллахI ибн Iамр ибн аль-Ас, IабдуллахI ибн аз-Зубайр.
Уьш берриге а Ислам дин даржорна, бусалбанийн пачхьалкх дIахIотторна юкъа Iаламат йоккха хазна йиллина болчу асхьабийн кIентий бу. Цундела бераллехь дуьйна Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гергара, цунна дукха безаш хилла бу. Уьш цуьнан масал тIехь кхиъна. Иза дика вевзаш хилла царна.
Баккхий хилча, мехала адамаш хилла дIахIиттина уьш, пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цуьнан цIеяхханчу асхьабаша шайна хьехнарг, шайна Iамийнарг бусалбанийн тIейогIучу тIаьхьенашна дIалуш.
Пайхамаран (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) хьехамех пайдаэцарехь а, и хьехамаш кхечарна бовзийтарехь а доккха масал хилла лаьттина и сийлахь адамаш.
Вайн тахана нийят ду царах цхьаъ хилла волу IабдуллахI ибн Iаббас мелла а алсам вовзийта. IабдуллахI ибн Iаббас ибн Iабд уль-МуттIалиб ибн Хьашим ибн Iабдуманаф кIорггера Iилма долуш Iеламстаг хилла, Сийлахьчу Къуръанан маьIна довзийтаран охIла хилла, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шича а хилла (девешин кIант).
Ибн Iаббас дуьнен чу ваьлла маккахоша Бану Хьашимин тайпа Маккара арадаьккхинчу, кхачанан сурсатех уьш дIахадийначу халачу хенахь. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хIара дуьне дуьтучу хенахь кхойтта шо бен кхин хан ца хилла цуьнан.
Вай Кхоьллинчун геланчас (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) доIа дина цунна: «ХIай, сан Эла, динах кхетар лохьа цунна», – аьлла. (аль-Бухари, Муслим, ат-Тирмизи).
Аш-ШаIбис дийцина, IабдуллахI ибн Iаббасе хаьттина Iилма Iаморехь оццул яккхийчу кIоргенашка хьо муха кхаьчна? – аьлла. Цо жоп делла: «Хоьттуш болчу маттаца а, кхетамечу дагца а
Иштта дийцина Iумар ибн аль-Хаттаба Ибн Iаббас цIеяхханчу асхьабийн могIаре охьахаавора, цунах цецбуьйлура: «IабдуллахI ибн Iаббасана Къуръан ма дика хаьа!» – бохуш.
Иза чоьхьа ваьлча, Iумар ибн аль-Хаттаба олуш хилла: «Схьавеа гIеметтахIоьттина кIант, хоттуш болу мотт а, кхетаме дог а долуш верг».
Ата ибн Ясара дийцина, Iумара а, Iусмана а кест-кеста шаьш долчу кхойкхуш хилла Ибн Iаббас. Бадрунехь тIом бина асхьабаш шеца цхьаьна а болуш цига воьдуш хилла иза.
Iумар а, Iусман а паччахьаш болчу хенахь а, цул тIаьхьа а, ша кхалххалц фетванаш (динан-бакъонийн муьлххачу а цхьаьна гIуллакхан хьокъехь шариIатан сацам бар) тIеоьцуш хилла цо.
Иштта, Ибн Iаббаса Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш дIаяздеш а, дуьйцуш а хилла. Цуьнан 1 696 хьадис дIаяздина Iаббаса.
Вайн Элчанна (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) уггаре а дукхабезачу, гергарчу кегийрхойх цхьаъ хилла иза. Бераллехь дуьйна, жимма а аьтто баьлча, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) юххе воьдуш, цунах хьерчаш хилла кIант.
Цо, шеко йоццуш, боккха тIеIаткъам бина цуьнан кхетамна, хааршна, ойланна, хьежамашна.
Ибн Iаббаса дийцина, ша цкъа говрахь Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIехьа хиъна вогIуш вара.
Цо элира: «КIант, ас масех дош Iамор ду хьуна: Кхоьллинарг дагахь латтавелахь – Цо ларвийр ву хьо; Иза дагахь латтаве – Иза хьайна юххехь карор ву хьуна (халачу киртигашкахь Цуьнгара гIо хаалур ду хьуна). Нагахь санна хьо цхьаъ еха лууш велахь – АллахIе еха; нагахь санна гIо оьшуш хилахь – Цуьнга гIо деха. Хаалахь, нагахь санна дерриге а адамаш хьуна цхьа диканиг дан вовшахкхеттехь, АллахIа яздинччул бен хьуна гIо дийр дац цара. Нагахь санна уьш берриге а хьуна зен дан вовшахкхетахь, Кхоьллинчо яздинччул бен хьуна зен дийр дац цара, хIунда аьлча, йоза дина даьлла, агIонаш якъаелла евлла» (вуьшта аьлча, дерриге а яздина даьлла ду) (Ахьмад, ат-Тирмизи).
Берриге а асхьабаш санна Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ уггаре а чIогIа лардинчарах цхьаъ ву Ибн Iаббас.
Динах кхетар алсам мел дели а чIагIлуш ма ду стагехь суннаташ лардан дезаш хиларх кхетар.
IабдуллахI ибн Iаббас шен 72 шо долуш ТIаифехь кхелхина (хIинца СаIудийн Аравин малхбузерчу декъехь йолу гIала). Иза кхелхича, докъа-ламаз деш хьалхаваьлла хилла Iали ибну Абу ТIалибан кIант Мухьаммад ибну аль-Хьанифи.
Ламаз дерзийначул тIаьхьа цо аьлла: «Тахана кхелхи АллахIан а, вайн умматан а тешаме лай».
Цуьнан коша тIе четар а туьйхира цо.
С.ХАМЗАТОВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де