Солса-Хьаьжин зерат

Нохчийчохь а, цул арахьа а дика вевзаш волчу эвлаяан Яндаров Солса-Хьаьжин зерат Хьалха-МартантIерчу кешнийн кертахь ду. Иза тодина, шордина, хаздина, къагийна дIахIоттийна вайн республикехь шолгIа тIом чекхбаьллачу тIаьхьа. Цуьнан дола деш бу устазан муридаш а, тIаьхьенех болу нах а.

Солса-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла 1845-чу шарахь къечу ахархочун Яндаран хIусамехь.

Кавказан тIом уггаре а марсабаьлла хан хилла иза. Паччахьан эскарша нохчий, шайн цIийнах-цIарах баьхна, хьийзош хилла. Маьрша бахархой шайн ярташкахь, кIотаршкахь баха ца буьтуш, уьш чIана йохуш, ценойх цIераш туьйсуш, хьийзош хилла.

Оцу хьелашкахь шайн ярташ, цIенош дIатосий, лаьмнашка, салтий-чалтачаш тIе ца кхочучу меттигашка дIабоьлхуш хилла нохчий.

Иштта халонаш, эшамаш лан дезна бераллехь Солсин а. Цуьнан ерриге а ойла бусалба дин Iаморна тIейирзина хилла оцу хенахь а. Шена динах лаьцна хезнарг цIокъболато санна дIалоцуш хилла кIанта.

Ша Iаьрбийн йозадешар Iамийна цо. Пхийттара валале шерра Iаьрбийн мотт буьйцуш а, Къуръан доьшуш а, суратийн, аятийн маьIнаш девзаш а, дуккха а аяташ дагахь хууш а хилла иза. Шена Iеминчух тоам ца беш, хаддаза бусалба Iилма Iамош волу иза хьийзош хилла паччахьан Iедало.

Хьанал къахьоьгуш хилла Солса-Хьаьжа. Шен куьйга гулдина рицкъ гIийла-миска болчарна комаьрша дIасадоькъуш хилла. Жимма а Iер-дахарна паргIато яьлча цуьнан доьзал Хьалха-Мартана юккъе схьакхелхина. Цигахь, ши гIат долуш, доккха цIа дина цо. И цIа цигахь лаьттина нохчийн халкъ 1944-чу шарахь махках даккхалц.

Иштта, кибарчигаш еш йолу завод а йиллина цо. И бахьана долуш, дуккха а нахана болх бан, рицкъ даккха меттиг хилла цигахь. Солса-Хьаьжах долуш долу беркат а гуш, адамаш цунна тIегIерташ а, цо бохучуьнга ладугIуш а хилла.

Оцу муьрехь ХьаьжцIа воьду иза. Цигара цIа веача, цуьнан сий-ларам беш, Солса-Хьаьжа олу цунах наха. Езачу меттигашкара цIа веача шена устаз лаца араволу иза. Таьшкичуьра (Дагестан) Апти-Шайх шен устаз лоцу цо. Цул тIаьхьа, цхьа хан яьлча, оцу Апти-Шайха цунна бакъо ло накъшбандин тIарикат хьеха, цунна шайхан дарж ло.

Солса-Хьаьжин чIогIа къинхетаме а, комаьрша а дог хилла. Цунна чIогIа везара АллахI а, Цуьнан Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, ткъа иштта дерриге а адамаш а, чохь са долу массо а хIума а. Ур-атталла сагалматашна а новкъарло хир йолу хIума ца дора цо.

Иштта къинхетаме волчу цунна деззане а ца дезара девнаш а, тIемаш а. Амма нохчашна кхерам тIехIоьттича, Делан дуьхьа а, шен халкъан дуьхьа а шен дахар дIадала кийча вара иза.

Советийн Iедал тIедеача лецира Солса-Хьаьжа. Цунна вен кхиэл а йира. Тоьпаш тоха иза пена юххе дIахIоттийначу мIаьргонехь АллахIан орцанца Солса-Хьаьжа кIелхьараваьккхира цуьнан кIанта Iабдул-Хьамид-Шайха. Вен йина хилла кхиэл хийцаран хьокъехь долу указ а дохьуш схьакхаьчна хиллера иза.

Лаьцначуьра цIавеанчул тIаьхьа, ша кхалхале шен кIанте Iабдул-Хьамиде (Амуга) шайхан дарж дIаделира Солса-Хьаьжас.

Иза кхелхира 1929-чу шеран хIутосург (май) беттан 18-чу дийнахь. Цуьнан каш вай хьахийначу зерата чохь ду.

С.ХАСАНОВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: