«Истанг уьстагIийн тIаргIанах деш ду. ХIора а истанга тIехь шен-шен маьIна долуш, тайп-тайпана тIамарш хуьлу. ХХ-чу бIешарахь а тIехь нохчаша деш хилла истангаш. Пхеа басахь долчу 1,5×2 м истанган къоначу аьттан боллу мах хилла, ткъа цхьана басахь долчун – жимачу уьстагIан боллу мах. ХIетахь Нохчийчохь цхьа а хIусам ца хилла истангаш доцуш. Къаьсттина Шелахь, Гермачигахь, Дуби-Эвлахь, Ахьмад-Юьртахь, ЧIишкахь, Элистанжахь деш хилла тIамаршца дуцуш, масех басахь долу истангаш. Таханлерчу дийнахь уьш деш кIезиг нах бу вайн махкахь», – иштта дIадолийра Соьлжа-ГIалин библиотекин №11 йолчу филиалан куьйгалхочо Юсупхаджиева Азас ша вовшахтоьхна цхьаьнакхетар.

Гуьмсан кIоштан Ойсхарарчу А.Ильясовн цIарахчу берийн исбаьхьаллин школин белхахочо, говзанчас Абдулхамидова Малкана истанг деш мастер-класс гайтира Культурин Департаментан клубийн цхьаьнакхетараллийн мехкаршна.
Царна дуьххьара гуш дара иза. Леррина хьовсуш, Малкана дуьйцучуьнга ладугIуш, цхьацца хаттарш деш дара зудабераш. Иштта, оцу мастер-классехь дакъалоцуш яра республикин халкъан кхоллараллин туьшан белхахо Успанова Асет а, Ахмадханова Мата а.
Шайн денаноша а, ненананоша а истангаш дарх лаьцна дийцира цушимма. Азас кхин а цхьа совгIат дира шен библиотекехь вовшахкхеттачарна.
Цо хьошалгIа кхайкхинера Россин Федерацин хьакъйолу артистка, Нохчийн Республикин халкъан артистка, Кадыровн Орденан кавалер Межиева Макка.
– Ас истангаш ден диъ-пхи шо бен дац. Иза кхин дукха хан яцахь а, истангаш даран дуккха а къайленаш евзина суна. Коьртаниг даима а лехамехь хилар ду аьлла хета суна. Сан уггаре а сирла сатийсам вайн махкахь истангаш дар а, церан мехалла лакхаяккхар а бу, – элира Абдулхамидова Малкана.
Малканан денана хилла истангаш деш. Бераллехь шен денанна юххе хьийзина, дуккха а хIума дагадогIу цунна. Амма дахар кхечу кепара нисделла цуьнан. Ша нана хилча, шен доьзалшна тIера хьакъикъаташ ден дагахь уьстагIий кхиоро яьккхина иза оцу новкъа.
– Сан ният дара, хьакъикъатана уьстагIий айса кхио. Цундела ас Iахарий ийцира. БIаьстенан юьххьехь а, гурахь а уьш лоргуш, тIаргIа гулбеллера сан. Цхьанна дIабала кхоам хетара суна. Айса цунах хIун дер-те, бохуш, ойла еш, Iаш, цIеххьана суна дагатесира сан бераллера цхьа сурт. Сан бабас истангаш дар. ТIаккха кхин а цхьа нийят тIекхийтира сан. Оцу тIаргIанах истанг дар, – кхидIа а дуьйцу Малкана.
ЦIеначу ойланца дIадолийна беркате гIуллакх ду Малкана дийриг. ХIинца иза цуьнан рицкъ даккхаран цхьа некъ а, нохчийн культура кхиорна юкъайиллина хазна а ю.

Хьалххе кечйинчу хIуманна тIе охьабуьллу тIаргIа, тIехула леррина сетка тосий, кхехкаш долу хи тIедутту, юкъ-кара Iаьржа саба а хьокхуш. Цхьатерра дIанисбо тIаргIа, тIехула шаршочу куьйгаша билгалдо мичахь совбаьлла а, мичахь кIезиг кхаьчна а.
Цул тIаьхьа, стоммачу гIожана тIехьарчабо. Окхло карчош, бод буткъабеш санна, керчабо иза. Совдолу хи дIакъаьсташ, цхьанаэшшара буткъало тIаргIа. Оцу хьолехь эхасохьтехь буьту. И хан дIаяьлча, схьа а бостий, мелачу хина кIелахь буьту, сабанан чопа дIаяллалц.
Цул тIахьа бакъабо. Йоккхачу хIуманна чохь туьха, къонза, кхачанах туху басар (шена безза бос) тухий, кечдинчу хи чу буьллу тIаргIа. Оцу хьолехь буьйса йоккхуьйту цуьнга. ТIаккха хуьлу цунах цхьана басахь долу истанг. ТIамарш а басардинчу истангах доху.
Лакхахь билгал ма-даккхара, хIора а истанган тIамарш тайп-тайпана хуьлу. Амма уьш шайн цхьа маьIна долуш ю. Истангана тIамарш тIеехкина, гонахара, бос билгалбинчул тIаьхьа, маха боккхуш тIетоьгу, цул тIаьхьа кIайн тайх йинчу кIажарца (чимчаргIа) билгалйоккху. Тегна даьлла истанг малхе доккху.
Истанг деш мастер-класс йиначул тIаьхьа, тIамарш яхаран къайленаш а яьстира Малкана. Уьш йохуш совдевллачу цуьргех а пайдаоьцу цо. Жимма а даккхийчарах мачин айраш до (бIегIаг йоккху), ткъа кегийчарах миндарш бо.
Малкана гойтучуьнга дикка хьежа а хьежна, ша жима йолуш дуьйна а, петIамат зезаг хазахеташ йолчу Маккас а баьккхира тIамар йолу бустам.
ПетIамат зезаг а, чухьаьвзина маьIигаш а йолуш, сурт дара цо диллинарг.
Азас дийцира шен бабас дуьйцура аьлла, истанган тIамаран доьалгIа дакъа даржийча сурт хIуттуш делахь, иза нохчийн бустам бу олий, аьлча а, схьадаьстича, массо а агIор тIамарш цхьатерра нийса а йолуш, сурт хила деза.
ТIамар билгалъеш баьккхина бустам кечдинчу истангана тIе буьллий, суьртаца нийсса, схьахадабо.
«Шина басахь долчу истангашна тIера схьахадийна тIамарийн суьрташ вовшашна чутега а мега», – боху Малкана.
Амма, бакъду, мастер-классехь истанг деш дIахадийна цхьа а цуьрг дIа-м ца кхоьссира цо.
– БIаьста лергинчу уьстагIийн тIаргIа бу истангаш деш лелош берг, хIунда аьлча, нехех, кIохцIалгех цIена хуьлу иза, цул сов, бата а дика бета. Ткъа гурахь лергина тIаргIа юргIанаш а, гоьнаш а еш лелабо. Малхе баьккхича дика самсаболу иза, – дийцира Азас.
Иштта, оцу цхьаьнакхетарехь Азас тхуна дийцира Тевзанара Истамулова Забарис ша къона йолчу хенахь, истангашна басар деш хиллачу басарех лаьцна: «Кийча басарш юкъадовлале хьалха, истангаш басар дан муьргаш лахьайой, уьш кхехкош, царах шекъанан басахь басар доккхуш хилла. БочабIаро зазадаьккхинчул тIаьхьа, тIелатийна бIараш жимма даккхий хиллачул тIаьхьа, чIенигаш охьаэга юьйлаелча, уьш схьа а лахьайой, кхехка а йой, боьмаша басар деш хилла. ЦIен бос хьаьрмакийн орамаш кхехкадой доккхуш хилла. Можа бос болу басар эшча хохийн чкъоьргаш кхехкош хилла. Халахеташ делахь а, ханна йоккха хиларна, Забарина дага ца дагIура дукхах долу басарш муха деш хилла».
Малканан тергонца тамаршна гуонаха кIайчу чимчаргIица тир а йоккхуш, Азин дешнаш тIехь яьккхина йиш лекхира мастер-классехь дакъалоцучу зудабераша.
ВЕГИЕВА Макка
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де