Поэзин дуьненаюкъарчу денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Невран кIоштан коьртачу библиотекехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин халкъан яздархо Сейлмуханов Муса, поэтесса Закриева Амина, Невран берийн-кхиазхойн туризман а, мохкталларан а туьшан кхитIе а дешаран хьехархо Ибаковая Зоя, Лакха-Невран №1 йолчу школин директоран кхерамазаллехула заместитель Гайрбеков Мохьмад, историк, мохкталлархо Сайко Алексей.
Цул сов, поэзин суьйренехь дакъалецира дешархоша а, студенташа а, поэзи езаш болчу кIоштан бахархоша а.
Поэзин суьйре дIахьош яра библиотекин Хьашташ кхочушдаран отделенин заведующи Махмудова Асет.
– Поэзи адамашна оьшуш ю. Поэташа шайн кхоллараллехула йосту адамийн ойланаш, даг чохь дерг, церан сатийсамаш, дегаIийжамаш. Хийла шен даг чохь дерг ша цхьаьнгга а дийцина ма дацара, поэте муххале а, я тхо вовшашна девзаш а ма дацара, аьлла хета шен кхолламца йогIуш поэзи ша ешча. Иштта, корматалла йолуш бу поэташ. Нагахь санна, поэзи муьлххачу а заманца йогIуш елахь, поэтан цIе цкъа а йовр яц. Дуьненахь дуккха а поэташ бу, хилла а бу. Иштта вайн халкъан а бу поэташ. Уьш шуна бовза беза, церан кхолларалла а йовза еза, – билгалдаьккхира А.Махмудовас.
Дуьххьарлера байт муха язйина а, маца язйина а дийцира поэтессас Закриева Аминас. Шен цхьайолу байташ а йийшира цо. Уьш язъян шен дог доуьйтуш долчух лаьцна а дийцира.
Къоначу поэтессин «Стигалал лекха» гулара юкъара байташ йийшира суьйренехь дакъалоцучу бераша.
Цул сов, поэтессе хаттарш а дира бераша.
«Аз» цIе йолчу вокалан тобано концертан программа гайтарца ерзийра поэзин денна лерина суьйре.
ВЕГИЕВА Макка
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де