А.Н.Бакулевн цӀарахчу туьшан лоьраш кегийчу дархошка хьаьвсира

Дуьненахь а, Россехь а гIараяьллачу А.Н.Бакулевн цIарахчу деган-пхенийн хирургин медицинин Iилманан-талламан къоман институтан говзанчийн тобанца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан.

Нохчийн Республикин кардиологин служба кхиорна лерина дӀаяьхьначу «горгачу стоьлехь» дакъалецира Москварчу лоьраша.

А.Н.Бакулевн цIарахчу деган-пхенийн хирургин медицинин Iилманан-талламан къоман институтан туьшан лоьрийн тоба тӀелецира Е.П.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницин коьртачу лоьро Межидов Казбека.

Деган-пхенийн цамгарш йолчу берашна маьхза консультацеш а еш, диагностикин талламаш бира цара. Шина дийнахь лоьраша тӀеийцира амбулаторин а, стационаран а 200 сов жима дархо. Царна юкъахь хирургин гӀо оьшуш долу бераш Москварчу А.Н.Бакулевн цIарахчу деган-пхенийн хирургин медицинин Iилманан-талламан къоман институтан туьше дӀадига сацам а бира.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон штатехь йоцчу берийн коьртачу кардиологан Мурадова Лилин чоьтехь 3 552 бер ду.

Церан хьашташ кхочушдеш ду Нохчийн Республикин Е.П.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницин кардиоревматологин отделенехь.

2020-чу шарахь оцу отделенехь дарба лелийна деган-пхенийн цамгарш йолчу 611 берана.

Нохчийн Республикин деган-пхенийн хирургин службин лоьраша бечу балхана реза хилира Москвара говзанчаш.

Иштта, цхьаьна дIахьочу белхан эвсаралла кхин а лакхаяккха езаш хилар а билгалдаьккхира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствехь.

2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан хьалхарчу деношкахь дара Россин Федерацехь а, дуьненахь а вевзаш волу кардиохирург, А.Н.Бакулевн цIарахчу деган-пхенийн хирургин Iилманан туьшан куьйгалхо, Россин Iилманийн академин академик Бокерия Лео Соьлжа-ГIала веача.

Оцу цхьаьнакхетаран беркат ду Москвара лоьраш вайн республике кест-кеста кхочуш а, кегийчу дархойн гӀуллакхе хьовсуш а хилар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: