«Ахмато» хаза толам баьккхира

ТIекIал кхозза эшначул тIаьхьа «Ахматан» футболисташ Россин Премьер-лигин чемпионатан 23-чу турехь шайн цIахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионан майданахь Тулерчу «Арсенал» командин футболисташца левзира. Ма-дарра аьр вай: дика а левзира, футболъезархошна доккха хазахетар а деш.

Оцу цхьаьнакхетарна вайн футболисташ ир-карахIитто а, толам баккха гIортаре а кхайкха оьшуш хьал дацара, хIунда аьлча, уьш кхеташ бара Россин тоьллачу кхаа командица («Динамо», ЦСКА, «Зенит») ловзуш шайга цхьа а балл яккхаелла цахилар шайна юьхькIам беш цахиларх, делахь-хIета, и «ламаст» дохо дезаш хиларх.

Амма «Арсеналца» ловза цкъа а атта ца хилла вайн республикерчу футболисташна. Иза кхин цкъа а гайтира майданахь юьхьанца кхолладеллачу хьоло. Хьеший хIумма а ийзалуш бацара, аьтто баьлбаьллачохь вайн кевнехьа хьажош буьрка тоха а, ира тIелатарш дан а.

Делахь а, церан лаам охьатаIо, шайн лаам тIебаккха хьуьнар а, говзалла а хилира «Ахматан» футболистийн. Иза тIечIагIдира цхьаьнакхетаран 33-чу минотехь вайн командин защитника Семенов Андрейс.

Хьешийн гIуданан майданахь болчу вайн футболисташкахьа хьажийна Исмаэла схьаяийтинчу буьрканна уггаре а хьалха тIекхиънарг Андрей вара. Цо тоьхна буьрка кевнан бойнах кхеттачул тIаьхьа бен «Арсеналан» кевнахочун бIаьрго схьа а ца лецира.

Иштта, ирачу тIелатаршца дIадолийра «соьлжагIалахоша» цхьаьнакхетаран шолгIа дакъа а. Оцо кхин цкъа а кхиаме кхачийра уьш дукха хан ялале.

«Тулахойн» кевна чу шолгIа буьрка чутоха аьтто белира Ильин Владимиран. Оцу кхиаме матчан 47-чу минотехь кхечира иза.

Цул тIаьхьа, тIелатаран боларш мелла а лахдира хIусамдайша. Ткъа хьеший, дикка жигарбевлча санна хеталора. ХIетте а церан ницкъ ца кхечира жамI хийца.

Цу тайппана, жамI 2:0 долуш, толам баьккхира «Ахматан» футболисташа. РогIерчу турехь уьш Краснодарехь меттигерчу «Краснодар» командин футболисташца ловзур бу.

Хь.САЙДАЕВ
№21, бекарг (март) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: