«Каспи – доттагIаллин хIорд»

анонс 1

Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, май беттан 19–20-чуй деношкахь Аштаркхнехь д1аяьхьира Каспин х1ордаца йолчу пачхьалкхийн а,  мехкийн а Литературин форум. Цуьнан  балхахь дакъалецира Нохчийн Республикин яздархойн союзан векала, поэта  Ахматукаев Адама. Тхан корреспондентаца хиллачу шен къамелехь Адама  дийцира Форуман балхах лаьцна.

 

– Адам, оха декъалво хьо яздархойн оцу мехалчу  Форумехь дакъалаца аьтто баларца. Вайшиннан къамел далош, Форуман  дакъалацархойх дерг довзийтахьа.

– Каспи хIордана гуонах Iуьллучу пхеа пачхьалкхера яздархой бара форуме гулбелларш: Азербайджанерий, Казахстанерий, Туркменерий, Иранерий, Россерий. Россерчарах аьлча, Астрахански областера хилла ца Iаш, кхин а кхаа республикера дара тхо – Дагестанерий, ГIалмакхойн махкарий, вайн республикин цIараххий. Тхол сов, Москвара кхайкхина балийна, бевзачу нахах хьеший а бара цигахь. Масала, «Дружба народов» журналан коьрта редактор Александр Луарсабович Эбаноидзе, «Литературная газетан» коьрта редактор Юрий Михайлович Поляков, Россерчу къаьмнийн Ассамблейн председателан заместитель Игорь Эрикович Круглых.

– Форумехь дийцаре дехкинарш хIун гIуллакхаш дара?

– Юкъадиллинарг масех гIуллакх дара. Аьр вай, чоьхьара а, цул арахьара а. Чоьхьара бохург – иза Астрахански областехь лелларш, вуьйш – вайн массеран а юкъара дерш. Областехь диллина литературни совгIат ду, схьавалар цигара а долуш, оьрсийн классицизман бухбиллархо лоручу В.К.Тредиаковскийн цIарах. 2014-чу шеран жамIашца, «Гипсовый трубач» романан авторна Ю.М.Поляковна дIаделира и совгIат.

Областехь дIаяьхьна конкурс а яра, луларчу къаьмнийн цхьаболчу классикийн, вайзаманхойн литературни произведенеш оьрсийн матте дика хьан йоху, къовсуш. Оцу конкурсан жамIаш а дIакхайкхийра форумехь, совгIаташ а луш. Нагахь санна и ши хIума хьалха леллачун жамI санна дерзийна хиллехь а, дийцаре дан юкъадиллинарг кхин дара, масех дашца аьлча, литературехь исбаьхьаллин гочдаро лелош долу маьIна а, цуьнгара хьал а, иза меттадалоран некъаш а. Цу хьокъехь шайн ойланаш йовзуьйтуш, къамелаш дира яздархоша Iилманан-кхоллараллин конференцехь. Къаьмнийн юкъаметтигаш кхиош а, чIагIъеш а, Каспина гуонахарчу пачхьалкхийн,  а, Россин халкъийн а культураш вовшех тарълар а дара дагадовларан темица. Ткъа иштта – оцу пачхьалкхашкахь а, мехкашкахь а лело хьакъ йолчу культурин юкъаметтигийн, юкъараллийн уьйрийн кепаш а.

– Оццул йоккхачу форумехь исбаьхьаллин гочдаран тема йийца юкъайиллар мел маьIне лорура цигахь дакъалоцуш хиллачара?

– И проблема массеран юкъара хилар а, цо массо меттехь цхьатерра сагатдеш хилла хилар а гора яздархойн къамелашкахь. Массара а бохург санна, карлайохура Советски Союз йоххалц литераторшна а, литературашна а юкъахь лелла уьйраш. Уьш къаьмнийн юкъаметтигашна чIогIа беркате хилла хилар а, уьш юхаметтахIитто езаш хилар а. И некъаш вовшашна тIе юхадохкучохь уггаре а коьртачех цхьа дакъа гочдархошкахь хила дезарна, гочдархойн школа юхакхолларан некъаш дара яздархоша лоьхурш.

– Нохчийн яздархойн векал волчу ахь дина къамел муха тIелецира вукху яздархоша?

– Цигахь сайна тидам алсамо хирг хиларна кийча вара со, хIунда аьлча шина тIамах бевллачу яздархойн дагара хаа а, хаза а лууш хир ма барий уьш соьгахула. И хьахийна йолу зIенаш меттахIиттаре, шоръяларе хьоьжуш ду вай я дац? Луларчу къаьмнийн литераторшца гергарлонаш лоьхуш ду я дац? Дуьненан литературица бала бу я бац? ЛартIехь долу адамаш санна, дуьненан балина сема дисна вай я тIамо галдаьхна?

Исбаьхьаллин гочдарх а дийцина, охьахаа йиш ма яцарий сан. Цундела, вайн махкахь кхирстинчу тIемашна тIера долийна, вол-волуш, гочдаран гIуллакхашна тIе а велира со. И ши тема хотталучу киртигехь нисделлачу вайна еш йолу новкъарлонаш а йийцира. ТIеман теманах байракх а йина, нохчийн къомах бIаьрг бодур болу исбаьхьаллин васташ вовшахдетташ цхьа  яздархой хилар а, церан тIуьллигех ешархой Iеха ца балийтархьама, вай «контрболх» беш хилар а – къаьсттина, публицистикехь а беш – оцу гIуллакхаша шайн йозанан коьртачу балхана вайн яздархой юкъахбохуш хилар а дийцира.

Ткъа дийца юкъадиллинчу гIуллакхана вай юьстах Iийна цахиларх-м, соьга дош кховдоле, мероприяти дIакхоьхьуш волчу Щербаков Юрийс а дийцира, вайна юьхькIам боллуш. Россин яздархойн союзан Астрахански отделенин председатель ву иза, Россера а, СНГ-ра а къаьмнийн яздархойн стихаш оьрсийн матте йохуш, Iаламат дукха къахьегна а волуш.

– Форум вовшахтоха дагадар а цуьнгара ду бохуш, дуьйцур-кха.

– Иштта дан ду и. Цхьаьнггара а гIо ца доьхуш, шега далург дина вара Юрий Щербаков, гочдарш деш, яздархой бовзуьйтуш. Амма оццул доккхачу маьIне мероприяти вовшахтохалур яц цхьана стаге, Iедалера гIо ца хилча. Кхечу пачхьалкхашкара хьеший цига кхойкхуш хилча-м, муххале а. Шайн областерчу администрацига гIо дехна Щербаковс, ткъа Iедалехь берш цунах а, цо юьхьарлаьцначу гIуллакхах а дика кхеташ хилар бахьанехь, кхин а гIоьнчий а бевлла, гулйина яра форум.

– Цигахь хьуна уггаре а Iаткъам бинарг, дагахь диснарг хIун ду?

– Цхьа хIума а хьахийна, кхидерш тIаьхьататтал могIарерчарах бацара и гулам. Дуккха а дара, хаза кхаъ санна, даго къобалдина хIуманаш. Царех цхьа-шиъ хьахор ас.

Хьалхарниг. Щербаков Юрийс 20 маттера оьрсийн матте яьхна 55 авторан стихаш юкъахь йолу «Пусть дерево стоит» книга йовзийтира форумехь. Цо ша дийцарехь, «Латтийтийша дитт» боху ша гочйинчу сан стихотвореница, форуман Iалашонашца догIуш, кIорггера символически маьIна гина цунна. Цундела книгин цIе а оцу стихотворенин цIарах тиллина. Нохчийн поэтех сайца цхьаьна Юсупов ИбрахIиман стихаш а цу книги юкъахь хилар мехала хета суна. Иза дийна волуш вевзина вацахь а, цуьнан лирически турпалхо а, ИбрахIим ша а сица гергара ву суна.

ШолгIаниг. Со санна, форумехь тхо дерриге а цецдаьхнера Иранерчу яздархойн къамелаша. Цигара веанчу веа  яздархочо тIекхуьу тIаьхье а, берашна лерина литература а хьехайора. Къамелийн хатI а дара, шайца философски символаш а, метафораш а йолуш, исбаьхьаллин произведенин кепашна гергара. Шайн махкахь литературина еш йолу терго а, книгийн тиражийн лаккхара барамаш а цара хьахийча, мацах цкъа СССР бохучу махкахь хилла сурт дара тхуна карладуьйлург. Иза лаа а дац. Дуьненна а бевзаш болу яздархой а, философаш а схьабевллачу махкара нах тахана а бу йоза-дешарний, Iилманний тIегIерташ а, дийнна дуьненахь а массарел дукха буй техьа аьлла, книгаш йоьшуш а.

– ХIун сацам беш, бирзира форуман болх?

– Форуман лехамаш цуьнан Резолюци тIехь бу. Цкъа-делахь, – иза уггаре коьрта а долуш –  Аштаркхнехь литературни гочдарийн туш кхоллар ду яздархоша лоьхург. Оцу туьшан Iалашонаш хир ю Каспи-хIордана гуонахарчу къаьмнийн меттанашкара произведенеш оьрсийн матте а, оьрсийн маттахь ерш къаьмнийн меттанашка а яхаран болх вовшахтохар а, дIабахьар а. туьшан тергамехь хир ду иштта кечдина гочдарш юкъахь зорбане дахаран гIуллакхаш а. ШолгIа-делахь, лакхахь хьахийна долу В.К.Тредиаковскийн цIарах совгIат КаспихIордана гуонахарчу пачхьалкхийн юкъарчу статусе хьаладоккхийла а лаьа форуман дакъалацархошна.

– Форуман коьрта маьIна муха го хьуна?

– Дуьненан литературин хIусаме лулахошца цхьаьна вай схьайиллина неI а, цаьрца цхьаьна бертахь оцу неIарх чоьхьадовла вайна гучуевлла таронаш а.

– Хьуна Дела реза хуьлда, тхан хаттаршна  кхачаме жоьпаш даларна. Вай тешна  хир ду Форуман балхо къаьмнийн  литературийн уьйраш  ч1аг1ъяларна дика  Iаткъам  бийриг  хиларх.

Къамел дIаяздинарг – Хь.АБОЛХАНОВ

№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: