Къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроектан гурашкахь 2 урам (Почтови а, Нурадиловн а) тобийр бу ТӀехьа-МартантӀехь.

И бахьана долуш, меттигерчу бахархошна тойина а, битаме ялийна а 2 майда кхочур ю, юххехь коммерцин а, администрацин а гӀишлош а йолуш.
Меттигерчу бахархоша дийцарехь, хьалхуо зезагийн парк а йинера цигахь, ткъа хӀинца, коьрта майда а тойича, кхин а хазлур ю юьртан юкъ.
Лакхахь хьахийна 2 урам карарчу шарахь тобийр бу. Даханчу шарахь хаьржина бара и шиъ бахархоша.
Дагадоуьйту карарчу шарахь Ерригроссин онлайн-кхажтасар а хирг хилар. za.gorodsreda.ru платформи тӀехь дӀахьур долчу (26.04.21 — 30.05.21) кхажтасарехь къастор ю тӀедогӀучу шарахь тойийр йолчу юкъараллин майданийн дизайн-проекташ.