Адыгейхь вовшахтуху берийн садаIар
Майкоп. Меттигерчу Iедалша шайна хьалха декхар хIоттийна хIокху аьхка 17 эзар бере садаIийта. Оцу Iалашонца 10-гIа июнь кхачале республикехь гIуллакх дан йолалур ю могашалла тояран 90 учреждени. Берийн хьалхара тобанаш лагершкахь садаIа юьйлаелла.
Иштта билгалдеш ду 1399 беро республикал арахьа садоIург хилар. Царна юкъахь ю Iаьржачу хIордан бердайистош а. ХIокху деношкахь Джубге 65 а, Анапе 18 а бер дIадахана. Артеке гIур ду 35 бер.
Цул сов, дуьххьалдIа хIокху цхьана баттахь Майкоперчу 1600 беро дийнахь садоIур ду школашкахь вовшахтоьхначу лагершкахь. Уьш 21 школехь гIуллакх деш хир ю. 340 дешархочо аьхкенан каникулаш дIахьур ю ков-керташкахь вовшахтухуш йолчу майданашкахь, шайна тIехь Iуналла деш хьехархойн говзалла караерзош болу студенташ а болуш.
ВУЗ-хь маьхза дешаран меттигаш алсамйовлу
Ставрополь. Крайн куьйгалхочо тIедилларца кху шарахь школа чекхйоккхуш болчеран спискаш ю хIиттош Iалашонан дIаэцаран программица ВУЗ-хь маьхза йолчу бюджетан меттигашка дIаоьцу болчеран. Малхбалехьарчу зонехь йолчу меттигашкара 134 дешархо хIинцале а билгалваьккхина.
ВУЗ-хь маьхза дешна а бевлла шайн цIа бирзича къоначу говзанчийн таро хир ю бен болчу бартаца шайн районехь болх бан. Меттигерчу Iедалшна хетарехь, крайхь дIахьош йолчу ишттачу политико таро хилийта декхар ду школашкахь, больницашкахь, кхечу меттигашкахь герггарчу шерашкахь кадрийн тIаьхьало кхолла.
ДIадаханчу шарца дуьстича, Ставропольски пачхьалкхан педагогически институтехь, Къилбаседа Кавказан федеральни университетехь, Ставропольски пачхьалкхан медицинин университетехь, Ставропольски пачхьалкхан аграрни университетехь кху шарахь иштта меттигаш шозза алсамйовлуш ю, еа ВУЗ-хь маьхза доьшуш 1600 студент хир ву.
Л.ОМАЕВ
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо