Таханлерчу дийнан мехалчу лехамех цхьаъ бу тIекхууьш йолчу къоначу тIаьхьенехь Даймохк безаран, вайн махкара къаьмнаш бертахь даха дезаран, оьзда хила дезаран ойла кхоллар. Шен Даймохк безаш хилчий, шен къоман мехаллаш еза хеташ хилчий бен къоначаьргахь жоьпалла хир дац. ТIаккхий бен цара дозалла дийр дац мехкан нуьцкъалаллех, исбаьхьаллех, сий-ларамах, маршонах. ТIаккхий бен луур дац и мехаллаш ларъян, мохк цIена латтон.
Юкъараллина хьалха лаьтташ долчу оцу а, кхечу а декхарех нийса кхеташ хиларна Ерригроссин «Зеленая Россия» экологин юкъараллин боламо хIора шарахь, 2013-чу шарахь дуьйна, дIахьо Ерригроссин «Зеленая Россия» субботник (белхи). 2013-чу шарахь экологин оцу тайпанчу кхайкхамо махкара 2,6 миллион стаг вовшахтуьйхира. Ткъа 2014-чу шарахь белхех аравелира 5 миллион сов стаг.
Ерригроссин «Зеленая Россия» белхи иза белхи хилла Iаш бац. Иза къинхьегаман деза де ду, берашна схьайиллина урок ю, дешаран шо дIадолоран юьххьехь дIахьош йолу. Иза вайн дахар кхин а цIена, къегина, бIаьрла хила лууш долу бераш а, баккхийнаш а цхьаьнатухуш долу гIуллакх ду.
2015-чу шарахь – фашизмана тIехь толам баьккхина 70 шо кхочучу шарахь – оцу боламо шо доладелчахьана дуьйна а дIахьош ду Ерригроссин «Толаман хьун» проект кхочушъяр. Оцу проектан Iалашо ю 27 миллион тоьллачу хIух долу синтар дIадогIар. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь воьжначу вайн хIора бIаьхочун сийнна дугIуш ду уьш. И мехала гIуллакх кхочушдарехь дакъалоцуш бу тIеман ветеранаш а, кегийрхой а. Иза дарца кхочушбеш бу «Шу а, шун хьуьнар а диц ца дина» боху кхайкхам.
Ерригроссин «Зеленая Россия» экологин белхи дIабахьар оцу гIуллакхан дерзоран дакъа хир ду. Оцу дийнахь хи тухуш, гуонаш охкуш, кир тухуш Iуналла дийр ду «Толаман хьун» кхайкхамца хIинцале дIадегIначу синтаршна. Цуьнца цхьаьна дIахьур ду советийн халкъан турпалаллин сийнна лерина гIуллакхаш. Цу юкъахь хир ду схьайиллина урокаш вовшахтохар. Цигахь дакъалоцур ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаша. Цара шайна зеделларг дуьйцур ду къоначарна.
Ткъа Ерригроссин «Зеленая Россия» белхи дIахьур бу карарчу шеран 29-чу августехь. Цигахь жигара дакъалоцур ду вайн республикин векалша а.
Хь.САИДОВ
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо