Нохчийчохь даздира республикин Конституци тIеэцна 18 шо кхачар

Омаев Дагунан цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу даздарийн цIийнехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна 18 шо кхачарна лерина коьрта даздарш.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ткъа иштта, Россин Президентан хьехамчас Эдельгериев Абубакара, Правительствон Председатела Хучиев Муслима, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа, республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, Iедалан ерриге а органийн векалша, кхечара.

Кадыров Рамзана хIокху гуламе баьхкинарш декъалбира дезачу денца. Цо билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Конституци вайн халкъана уггаре а чолхе беанчу муьрехь тIеэцна хилар.

«КIезиг бара хIетахь референдум дIаяхьар къобалдеш берш. ЦIеяхханчу политикаша а, политологаша а, бIаьхоша а дIахьедора иза дIаяхьа дукха хьалха ду, бохуш. Амма Ахьмад-Хьаьжас ша халкъана хIун лаьа хьажа лууш ву, ша халкъо шега аьлларг дийр долуш ву элира. Цу тIехь цуьнан гIолецира Россин Президента Путин Владимира. Конституци тIеэцар бахьана долуш, нохчийн халкъана хилира шайн дайша дукха сатийсина маршо, халкъан кхане… Нохчийн Республикин Конституцехь цхьа а пункт яц бусалба динца йогIуш йоцуш. Вайн паргIат къамел дан йиш ю ненан маттахь. Иза оьрсийн матте нийсса пачхьалкхан мотт бу Нохчийчохь. Вайн аьтто бу Далла Iамалш ян, маьждигаш, школаш, больницаш ян. Вайн хьалха хилла боцу аьттонаш бу уьш», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана, цул тIаьхьа, даздаран хьолехь, дIаделира Россин Президента В.Путина дина пачхьалкхан совгIаташ.

Республикин Правительствон Председателан заместительна Висмурадов Абузайдана «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» орденан 1-чу даржан мидал елира, ткъа республикин Правительствон Председателан заместительна Усмаев Вахитана «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» орденан 4-чу даржан мидал елира, Нохчийчоьнан МВД-н ГИБДД-н шина белхахочунна – Уматгириев Рустамана а, Магамадов Исламана а Къоналлин орденаш, пхеа лоьрана Пироговн орденаш елира.

Иштта, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» (кхелхинчул тIаьхьа) мидалца совгIат дира Якубов Юнусана 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула референдум дIаяхьарна кечам барехь а, дIаяхьарехь а жигара дакъалацарна. Кадыров Рамзана и совгIат цуьнан кIанте Якубов Мохьмаде дIаделира. Изза мидал елира «Даймохк» газетан коьртачу редакторна Шамсудинов Бувайсарна а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташ делира референдум дIаяхьарна кечамбарехь а, дIаяхьарехь а жигара дакъалаьцначу масех жигархочунна.

Цул тIаьхьа, М.Даудовс Кадыров Рамзане даздаран хьолехь дIаделира Россин Президент волчохь йолчу Геральдин Советан Нохчийчоьнан Iедалан официальни билгалонашна – гербана, байракхна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун штандартана регистраци яран хьокъехь долу тоьшаллаш.

Россин Федерацин Президента Путин Владимира нохчийн халкъе а, республикин Куьйгалхочуьнга а даийтина декъалдар дIадийшира А.Эдельгериевс.

Юха, нохчийн халкъ декъал а деш, шеггара тIетуьйхира: «Ахьмад-Хьаьжас вайна вайн цIа лардина. Оцу цIа чохь Iаш ду вай, бераш кхиош ду. Вайн берашна вайн гIиллакх-оьздангалла, культура, дин Iамадо вай. Ахьмад-Хьаьжас дина доккха дика ду иза. Цуьнан некъ Къуръанаца, шариIатца, нохчийн Iадаташца нисбина, буьстина дIахIоттийна бу, цундела гал хуьлийла дац», – элира цо.

М.Даудовс аьлла ма-хиллара, Конституци тIеэцарца Россин бакъонийн хьаьрме юхаерза йолаелира республика.

«Конституцин проектан автор волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Коьртачу законна юкъаяхийтира граждански юкъаралла кхиорна, вайн республика маьрша кхиийтарна, цуьнга зазадаккхийтарна кхачоярна бегIийла хьелаш кхуллу долу ерриге а нормаш», – бохура цо.

Шен къамел дерзош, М.Даудовс гуламе баьхкинчарна довзийтира Федеральни Гуламан Председатела Матвиенко Валентинас, Пачхьалкхан Думин Председатела Володин Вячеслава дахкийтина декъалдарш. Ткъа М.Хучиевс Россин Правительствон Председателан Мишустин Михаилан декъалдар дIадийшира.

Даздаран дакъа дерзош, Межиев Салахь-Хьаьжас нохчийн дерриге а халкъан цIарах Кадыров Рамзане дIабелира «Къоман яй» (цуьнан кеп-копи). Нохчийн барт а, цхьаалла а хиларан билгало хилла лаьттина бу и сийлахь яй.

Гулам чекхбаьлча концерт гайтира Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин артисташа.

Д.АНАДЕВ
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: