Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан МВД-н а, цуьнан дакъойн а куьйгалхошца. Цигахь цо хаам бира республикин МВД-н куьйгаллехь бинчу кадрийн хийцамийн хьокъехь.

Иштта, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместителан – полицин хьаькаман декхарш кхочушдар тIедиллина Ирасханов Асланна. Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин хьаькам вара иза хьалха.
Оцу дарже хIоттийна «Россин ВНГ-н УВО-н» Соьлжа-ГIалин ФФГКУ-н ведомственни доцчу гIаролан отделан хьаькам хилла волу Айдамиров Дени.
Оцу даржашка хIиттийнарш декъалбира Р.Кадыровс. Цо дIахаийтира цара шайна белла тешам юха а ларбийриг хиларх а, шайна хьалха хIиттийна декхарш цара кхиамца кхочушдийриг хиларх а ша тешна хилар.
«Оперативни-служебни белхан доккха зеделларг долуш ву и шиъ. Органашкахь болх бечу шерашкахь цара шаьш похIме вовшахтохархой хилар гайтина, билгалбевлла майраллица, къонахаллица, доьналлица», – элира республикин Куьйгалхочо.
Иштта, цхьаьнакхетарехь дийцаре дира бакъонаш талхор цахилийтарехьа, арахьарчу кхерамна дуьхьало ярехьа дIабахьа безачу балхаца доьзна гIуллакхаш.
«ТIаьхьарчу шерашкахь кест-кеста нисло регионера хьал галдаккха гIерташ меттигаш. Бен дац иза герзашца я питанашца галдаккха гIертар. Амма церан Iалашо ю, шайн хенахь террористаша санна, халкъан цIий Iанор, барт бохор. Цаьрца вай луьра къийсам дIахьур бу. Массарна а дIахаа деза: Нохчийчохь цхьаьнгга а закон талхадойтур дац. Кхузахь даима а лар а йийр ю, сийдеш а хир ю байракх, гимн, Конституци, герб. Цуьнан дуьхьа кхелхина вайн уггаре а гергара, хьоме нах. ХIетахь вайх хIора а сатесна вара машаре, нийсоне, закон толаре. И хан тIекхаьчна, кхин цкъа а дIаер а, хийцалур а йоцуш», – элира Р.Кадыровс.
Цо, иштта, дакъалецира совгIаташ дарехь а. Регионан Куьйгалхочо цуьнан цIе тIеязйина тапча дIаелира Нохчийчоьнан МВД-н министрана Алханов Русланна, полковникна Сулейманов Романна, ткъа полковникна Ирасханов Асланна Россин МВД-н Сийлаллин грамота дIаелира.
И совгIаташ царна дина Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Колокольцев Владимира.
Д.ПАШАЕВ
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де