Нохчийн спортсменаша хьалхара меттиг яьккхина

Ерригроссин боксехула долчу студентийн къийсадаларшкахь командашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхина нохчийн спортсменаша.

Бекарг (март) беттан 19–21-чуй деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIадаьхьна долу Россин Студентийн спортан союзан президентан, СССР-н хьакъволчу тренеран, профессоран Киселев Алексейн иэсан Ерригроссин боксехула долу студенташна юкъахь къийсадаларш чекхдевлла.

Къийсадаларш дIадолочохь дакъалоцуш вара НР-н Правительствон вице-премьер Усмаев ВахIит, РФ-н Спортан министерствон векалш, Россин Боксан федерацин коьрта секретарь Щекутьев Кирилл, Россин Студентийн спортан союзан президент Сейранов Сергей, Россин Пачхьалкхан Думин депутат, Россин Боксан федерацин коьртачу секретаран берийн-кхиазхойн спорт кхиорехула заместитель Зубарев Виктор, НР-н физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула министр Кадыров Хьамзат, кхиберш.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маршаллин дешнаш дIадийшира Усмаев ВахIита.

– Оха даккхийдерца тIеоьцу тхаьш долчохь Ерригроссин боксехула долу студентийн къийсадаларш. Тхан республикехь дикка гIараяьлла спортан кеп ю иза, бокс баккхийчарна а, берашна а еза, спортан къоман кепех цхьаъ ю ала мегар ду иза. Тахана Соьлжа-ГIала богIу дуьненан уггаре а тоьлла боксераш. Тхо долчохь хилла Тайсон Майк а, Джонс Рой а, Мейвезер Флойд а, кхиберш а. Цара спортсменашна шайн зеделларг а довзуьйту, спорт кхиорна тIехьажийна оха бечу белхан лаккхара мах а хадабо. Иштта, Соьлжа-ГIалин цхьана урамна гIараваьллачу, тхан халкъо лоруш волчу боксеран Iела Мухьаммадан цIе а тиллина оха, – билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.

«Ахмат» республикин спортан клубан Iаморхоша а, М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан студенташа а оцу къийсадаларшкахь 9 мидал яьккхина – 2 дашон а, 3 датон а, 4 йоьзан а.

I.МУРТАЗОВ
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: