Интернетан зуламех дешархой ларбаран семинар

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчин, Хаамийн а, зорбанан а министран Дудаев Ахьмадан тIедилларца вайн республикехь дIахьош ю «Нохчийн Республикин пачхьалкхан хаамийн политика» программа-семинар.

Дешархой интернетан зуламах ларбала Iаморан Iалашонца кхочушъеш ю и программа.

Министран заместитела Мустапаев ИбрахIима лекци йийшира ТIехьа-Мартан а, Эна-Хишкан а кIоштийн школийн директорийн хаамийн технологешкахула болчу заместительшна.

– Интернетан гIирсаш вайн махкахь баьржичахьана масех чкъор хьалакхиъна вайн. Цундела вайна дика хаьа оцу интернето а, социальни сеташа а кегийрхошна муха тIеIаткъам бо. Цхьа мур бара вайн кегийрхой оцу интернетехула Iеха а беш, Герггарчу-Малхбале дIабуьгуш. Цуьнан тIаьхье гуш ю вайна. Церан доьзалш цIаберзош къахьоьгуш ву вай регионан Куьйгалхо. Иштта, интернета чохь цхьа ловзар а юкъаделира цхьана муьрехь. 12–15 шераш долу бераш чIогIа Iехаделлера цунах. Церан дахарна кхерамаш тосуш ловзар дара иза. Таккха, бехкениг лаха воьлча, шен берана телефон эцна да-нана карадо вайна. Царна моьтту, бIаьрг-Iуьналлехь хилчахьана, шайн доьзлхо кхерамна гена ву. ХIан-хIа. Иза иштта дац. ХIинца дерриге а телефоначухула ду. Нагахь санна, вай берашна, оцу социальни сетийн ма-ярра йолу Iалашо ца йовзийтахь, вайн тIаьхье кхерамехь хир ю. Цундела хьехархоша дешархошна дийца деза интернетах а, социальни сетех а нийса пайда муха эца беза. Уггаре а дукха пайдаоьцуш ю «WhatsApp» а, «Instagram» а, «Telegram» а сеташ. Ткъа цу чохь мел дерг оцу компанеша Iалашдеш ду, и приложени йолчо ша язйинарг дIаяьккхича а. Иштта тергонехь латтаво шайн шеко кхоллаелларг а. Мичча хенахь а, масех шо даьллехь а, архивера меттахIоттало телефон йолчо цкъа мацах язйинарг, дийцинарг, дIадахьийтина сурт я видео. Цул сов, кхин а цхьа нах бу кхечу Iалашонашна тIаьхьабевлла лелаш. Цара лоьху шайх Iехавала кийча верг. Ткъа церан Iалашонаш хIумма а дикачарех яц, – дийцира И.Мустапаевс.

Ша дуьйцучух дика кхетийта, уьн тIехь схемаш а йохкуш, дуккха а дийцира министран заместитела.

Республикин ерриге а школийн директорийн хаамийн технологешкахула болчу заместительшца дIахьур ю программа-семинар.

ВЕГИЕВА Макка
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: