Республикин Къоман библиотекин фонд тIеюьзна

Нохчйин Республикин А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекин книгийн фонд кхин а 35 эзар книгина алсамъяьлла. ТIаьхьарчу шерашкахь библиотеке цхьанаметта иштта дукха книгаш еана яцара. Библиотекин фонд тIеюзуш дакъалаьцна Москварчу К.Д.Ушинскийн цIарахчу Iилманан педагогикин библиотеко.

– Библиотекина еллачу книгашна юкъахь ю Iилманийн, педагогикин, этнографин, историн, кхоллараллин, литературин вовшаштоьхначу книгийн гуларш. Иштта, бераш кхетош-кхиоран книгаш а ю царна юкъахь. Иза доккха совгIат ду. Геггарчу хенахь, библиотекин белхахоша педагогикин факультетан студенташна царах пайдаэца аьтто бийр бу, – элира Нохчийн Республикин министра Дааев Хож-Баудис.

Иштта, цо билгалдаьккхира К.Д.Ушинскийн цIарахчу Iилманан педагогикин библиотекин куьйгаллица и книгаш вайн республикин коьртачу библиотеке кхачоран декъехь шина баттахь зIе латтийна хилар.

– Тхан библиотекин дукхах болу ешархой студенташ бу. Ерриге а факультеташкара студенташ богIу кхуза. Цара пайдаоьцу цхьана метта масех книгах. Суна чIогIа хазахета иштта хьекъал долуш вайн кегийрхой кхуьуш. Делахь а, наггахь нисло, царна езаш йолу книга вайн библиотекехь йоцуш. И проблема шена дIахиъча, вайн республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис доккха гIо-накъосталла дира, студенташа пайдаоьцуш йолчу книгех библиотекин фонд тIеюзуш, – элира Нохчйин Республикин А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас.

№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: