«Кхиазхошна лерина ЧIуьлга-Юьртан социальни-реабилитацин туш» ГБУ-н коьртачу декхарех ду: кхиазхой ийманехь кхетош-кхиор; царна социальни, психологин, педагогикин гIодар; кхиазхошна реабилитаци яран индивидуальни программа муьрашкахь кхочушъяр вовшахтохар; церан шайн таронашка а, хьуьнаршка а хьаьжжина кхиазхой кхиор а, кхетор а; тайп-тайпана хьашташ кхочушдарна а, кхоллараллин балхана а юкъаозор. Уьш а, кхидолу а декхарш кхиамца кхочушдеш схьабогIу туьшан белхахой. Цхьана хенна 90 бер-кхиазхо схьаэца аьтто бу церан.
Коьрта болх социальни реабилитаци яран отделенехь дIахьош бу. Цигахь болх беш бу берийн тобанийн кхетош-кхиорхой, хьехархой, психологаш, социальни белхан говзанчаш, кхитIе а дешаран хьехархой, музыкальни белхахой, физически культурин а, къинхьегаман а инструкторш, кхиберш.
– Тхан туьшахь болх беш берш шайн белхан говзанчаш бу. Цара берашна а, церан дай-наношна а гIодо. Царна шайнаш санна хьоме ду кхуза могашалла тоян далош долу бераш. Цара бераш дика Iамадо. Царна хьоьху бераш вовшашца а, баккхийчаьрца а муха хила деза. Цаьргахь ийман а, эхь-бехк а, гIиллакх-оьздангалла а кхиадо, – бохура туьшан директора А.Джанхотовас.
Хьанал кхочушдо декхарш
Нажи-Юьртан районерчу «Къинхьегаман а, социальни кхиоран а отдел» ГКУ-н болх тIехьажийна бу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Правительствос а бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран, доьзалийн, берийн, къанойн, заьIапхойн хьелаш тодаран декъехь хьалха хIиттийна декхарш кхиамца кхочушдарна. Цунах лаьцна дийцира отделан хьаькаман заместитела Селимханов Руслана:
– Отдело хIора дийнахь дIахьо берийн, реабилитацин пособеш даларна оьшу документаш схьаэцар, тайп-тайпана справкаш ялар, къаношна, бIешарал тIехбевллачарна цкъа луш долу ахчанаш далар. Бахархойн хьашташ кхочушдаран декъехь болх беш йолчу учрежденешца электронни зIе латтор, оьшуш болу хаамаш вовшашка дIасабалар. Берриге а болх кху шарна хIоттийначу планаца нийса а догIуш, дIахьош бу оха.
Цул совнаха кхузахь, вовшах а тоьхна, болх беш ю коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран белхан тоба. Цок ест-кеста кхеташонаш дIахьо, бахархойн аьрзнашка, дехаршка, лаамашка ладугIу. Цкъачунна, коррупцин хьокъехь арз дина меттиг ца хааелла.
Р.ЮНУСОВА
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо