«Хазачу дашо лам баьккхина» – олуш, кица ду нохчийн. Ойла йича, кІорггера маьІна долуш ду и дешнаш. Хийла дика гІуллакх кхочушдина хазачу, шен меттехь аьллачу дашо: дов даьллачу нахана юкъахь маслаІат дина, галваьлла стаг нийсачу новкъа ваьккхина, барт ийгІинарш берта балийна, аьрха доьзалхо иймане валийна, кхин а, кхин а дуккха а ду уьш дийца.

Хаза дош олуш а, хезаш а хаза ду-кх. Меттан говзанчаша къамел дечу хенахь, цаьрга леррина, цхьа дош тІех а ца долуьйтуш, ладогІа дог догІу.
Масала, вевзаш волчу меттан Іилманчас Джамалханов Зайндис (Дала гечдойла цунна) нохчийн мотт буьйцуш, цуьнан хІора даше леррина ладогІа дог догІура. Цхьа шатайпа, дагна хьаам беш болчу меттан мукъам хезара Зайндин къамелехь. Ишттачу говзанче ладогІа кІорда ца до.
Вайн хІора юьртахь а бу ненан мотт хаза а, говза а буьйцуш нах. Нах гулбеллачохь – диканехь а, вуонехь а – цара къамел дечу хенахь, массара а леррина ладугІу.
Оцу наха, меттан говзанчаша, ларбеш а, кхиош а бу вайн нохчийн мотт. Вайн къамел барта буьйцучу маттах ду, муьлххачу а меттан бух, цуьнан лард ю иза. Цу тІехь кхуьуш ма ду литературин мотт а, йоза а.
Къаьсттина мехала ду ненан мотт кегийчарна бовзийтар, Іамор, хІунда аьлча, цара иза дІатасахь, вайн меттан хьал ледара хир ду, иза барна кхерам бу. Ткъа мотт дІабаьлча, къам а дІадолу.
Уггаре а хьалха, вай тидаме эца дезарг ненан мотт доьзалехь бийцар ду. Доьзал цунах хербалар, цара шайна юкъахь кхин мотт бийцар – иза нохчийн маттах уьш дІахада герга хиларан коьрта билгало ю. Ткъа маттах дІахаьддарг шен халкъах хедар ву. Аренца вай лелаш, иштта нах – шаьш схьабевллачу нохчийн халкъах дІакъаьстинарш – вайна гина.
Халахеташ делахь а, хIинца вайна юкъахь, Нохчийчохь а, дуккха а бу доьзалехь нохчийн мотт ца буьйцуш болу нах. Вай цецдовлу оцу адамех. Яхь яц техьа церан? Уьш мичара бу-те, хьанах схьабевлла-те? Бийца дай бац-те церан? Я царна дицделла-те шайн пхенашкахь дерг нохчийн цIий хилар?
Схьахетарехь, цара доккха дозалла до нохчийн мотт шайна цахаарх. Цунах шаьш дIакъаьстича, шаьш культурехь совдевлла а, цивилизацин лакхенашка кхаьчна а хетачух тера ду царна. Амма уьш чIогIа галбевлла, тилла.
Уьш нохчий а бац, я оьрсий а бац – дакъазбевлла нах бу. Къа ду-кх церан! Дала нийсачу новкъа бохийла уьш.
Вай вешан халкъ кхечарел лакхара я лахара ду ца боху. Амма вай доккха дозалла до вешан халкъах, хІунда аьлча, хийлазза, халачу киртигах чекх а даьлла, шен мотт, къоман сий, яхь ларйина цо. И цхьаъ тоьар дара жимма яхь йолчунна, кийрахь нохчийн дог долчунна шен халкъ а, цуьнан мотт а беза а, лара а.
Вайн къомах боцучу наха, Iаламат лакхара мах а хадош, цуьнан хазаллех цец а буьйлуш, хестийна нохчийн мотт. Царах бу ХIХ-чу бIешарахь баьхна оьрсийн сийлахь яздархо Л.Н.Толстой, Iилманча П.К.Услар, кхиберш а.
Амма суна вайн заманахьлера масал дало луур дара. Иза 22 шо хьалха дара.
Оцу чолхечу хенахь, шен доьзалца Голландера Нохчийчу веанера къона Iилманча Эрвин Комен. Нохчийн халкъ а, цуьнан мотт а, культура а Iамо веанера иза. Тхойшиъ вевзича, со филолог вуй а хиъна, шена нохчийн мотт хьехар дийхира цо.
Со реза хилира, сайн яккхий шеконаш йоллушехь. Амма дукха хан ялале, тхайн дарсаш дIадуйладелча, со кхийтира нохчийн мотт Iамо боккха лаам болуш сайн дешархо хилар. И санна леррина доьшуш а, хьехнарг схьалоцуш а дешархо сан цкъа а хилла вацара.
Бакъду, Эрвинна 7 мотт хаьара, цуьнан лингвистан корматалла а яра, цо Европехь тоьлла йолу Лондонера лингвистийн институт чекх а яьккхинера.
Делахь а, мел даккхий хаарш делахь а, цкъа а хезна боцу хийра мотт Iамо хала ду, цу гIуллакхна Iаламат боккха лаам хила беза. И лаам Эрвинан бара, цо къахьоьгура хIора дийнахь.
Тхойшиннан занятешкахь Iамийна ца Iаш, ша араваьлча, лулахошца а, туьканахь, базарахь нохчийн мотт бийца гIертара иза. Цуьнан дика кхиамаш бара. Аьзнаш чIогIа нийса олура цо, уггаре халанаш а тIехь: къ, чI, пI, хь, хI, I.
Лексикица жимма халонаш хуьлура. Амма шарахь гергга Iамийча, цунна иза дика бийца Iемира. Ткъа йоза-м, наггахь бен гIалат а доцуш, тIехдика дара. Ша мотт Iаморца цхьаьна цхьацца Iилманан талламаш а бора цо.
Сан цхьа а шеко яц, Эрвин вайн республикехь виснехь, цуьнан цIе меттан Iилманчашна а, кхечарна а дика евзаш хир яра.
Амма вай долчохь тIеман хьал хIоттар бахьанехь цуьнан дIаваха дийзира. ХIинца иза Голландехь университетехь болх беш ву. Цо дIа ца тесна нохчийн мотт, хIинца а иза толлуш, Iилманан болх беш ву иза. Иштта, Кавказан кхидолу меттанаш а толлу Iилманчас.
Эрвин Коменна дукхадезара вайн халкъ, вайн мотт. Иза воккхавера вайн оьздачу гIиллакхех. Цунна чIогIа лаьара вай вешан мотт а, культура а ларйойла.
«Шун халкъ шира халкъ ду кху дуьненахь, цуьнан цхьа а шеко яц», – олура Iилманчас.
Вай хIунда ца до-те дозалла вешан долчух?
АРСАНУКАЕВ Муса
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де