Нобелан машаран премина хьалхатеттина Кадыров Рамзан

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хьалхатеттина 2021-чу шеран Нобелан машаран премина.

Дуьненаюкъарчу хаамийн Нобелан туьшан (МИНЦ) директора Тютюнник Вячеслава хаам бина оцу хьокъехь.

Билгалдоккху оцу премина Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хьалхататтаран бахьана а: «… Даима а хала хиллачу нохчийн махкахь тӀаьхьарчу 15 шарахь машар дӀахӀоттор а, латтор а».

Иштта, Тютюнникна хетарехь, Нобелан машаран премина Кадыров Рамзан хьалхататтар Норвегин векалийн цӀарах а хила тарлуш ду.

Дагадоуьйту даханчу шарахь Кадыров Рамзан Дуьненаюкъарчу машаран премина а хьалхатеттина хилла хилар.

И преми юкъаяьккхина Машаран а, кхиаран а института (INSPAD).

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: