Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шайн корматаллин денца декъалбира театран гIуллакххой.
«Тахана билгалдоккхуш ду Театран дерриге а дуьненан де. Шайн башхачу, похIмечу ловзарца сцени тIера вайн самукъадоккхучу кхоллараллин адамийн корматаллин деза де ду хIара. Театральни искусствон гIуллакххойн ницкъ кхочу муьлххачу а васте берза, похIмечу пьесийн а, драмийн а турпалхойн башха дикаллаш гайта, уьш гайтарца, муьлххачу а постановкех, хьовсархошна пайдениг схьаэца, синхьаам хила таро яла», – яздина социальни сетехь регионан Куьйгалхочо.
Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин театральни искусство сихачу боларшца кхуьуш хилар.
Регионехь болх беш ю Нурадилов Ханпашин цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драмин театр, къоначу хьажархочун Нохчийн пачхьалкхан театр, Лермонтов Михаилан цIарах йолу пачхьалкхан оьрсийн театр.
Царах хIоранна а юьззина кхачойина кхузаманан материалан-техникин бухца, похIмечу актерийн труппанашца, кхачам боллуш болх барна оьшуш мел долчуьнца.
«Цул сов, вай долчу, чIогIа баккхий а беш богIу театран а, кинон а цIеяххана болу актераш. Царна юкъахь ву Россин Театрийн гIуллакххойн союзан председатель, Россин халкъан артист Калягин Александр. Соьлжа-ГIалахь хазахетарца дагалоьцу «Россин театр – ХХI-гIа бIешо. Керла хьежам» Къилбаседа Кавказан театрийн форумехь цо дакъалаар. И форум вайн республикехь 2019-чу шарахь дIаяьхьира», – билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо дийцарехь, нохчийн театральни искусство кхиорна доккха гIо-накъосталла до Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Iайшата.
Цул сов, театрийн белхахошна оьшуш долу гIо до кест-кеста Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо.
«Шайн корматаллин дезачу денца суна даггара декъалбан лаьа театрийн берриге а белхахой. Лаьа шун аьтто, кхоллараллехь кхиар, дерриге а халкъо къобалдар, тIараш детташ юьззина залаш хуьлийла! Дезачу денца, хьомсара доттагIий!», – яздина Кадыров Рамзана.
Д.АНАДЕВ
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де