Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшо «Дато бухIа» совгIат даларан 17-гIа даздарш дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира «Дато бухIа» совгIатан лауреаташа а, республикин Iилманан, дешаран, культурин, могашаллаIалашъяран белхахоша а, журналисташа а, интеллигенцин векалша а, студенташа а.
Даздарш дIахьош долчу Россин хьакъволчу артиста Джамаев Iимрана а, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Мумаева Анжелас а, хьалхара дош делира Интеллектуальни туьшан правленин председательна, Нохчийн Республикин Парламентан дешаран а, Iилманан а комитетан председательна Хасбулатов Бекханна.
Цо билгалдаьккхира республикехь Интеллектуальни туш кхоллар историн маьIне хилам хилар, иза 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнахь кхоьллина хилир, Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас юкъадаккхарца.
«ХIетахь дуьйна 210 лауреат хилла «Дато бухIа» совгIатан, ткъа тахана, царна кхин а 14 тIекхетар ву», – элира Бекхана.
«Дато бухIа» совгIатан дуьххьарлерчу лауреата, Нохчийн Республикин Iилманан Академин президента Гапуров ШахIруддис туьшо бечу мехалчу балхах лаьцна дуьйцуш, элира: «Дато бухIа» совгIат уггаре а дезачарах цхьаъ ду вайн республикехь, иза интеллектуальни декъехь бIаьрла кхиамаш баьхначарна, шен къинхьегамца вайн культура кхиорехь доккха дакъа лаьцначарна луш ду».
СовгIаташ даларан хьокъехь къамел дира жюрин председатела, историн Iилманийн доктора Ибрагимов Мусас. Цул тIаьхьа, дIадолийра керлачу лауреаташна совгIаташ дIадалар.
«Дешар» номинацехь совгIат дира историн Iилманийн докторна Хасбулатова Зулайна. Оцу номинацехь кхин а шинна дира совгIат. Уьш бу: физикин-математикин Iилманийн доктор Асхабов Султан, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетан доцент Саламова Мадина.
«Хьехархо» номинацехь совгIат дира нохчийн меттан хьехархочунна Тайсумова Зинина.
«Мелехь гIуллакх дар («Подвижничество»)» номинацехь – техникин Iилманийн докторна, профессорна Курумов Жамалдина.
«МогашаллаIалашъяр» номинацехь лауреат кхайкхаво Нохчийн Республикин хьакъволу лор Ахматханов Хьусайн.
«Iилма» номинацехь лауреат хилира физикин-математикин Iилманийн доктор Умархаджиев Салавди.
«Литература» номинацехь лауреат хаьржира литературин критик, поэт, гочдархо Бурчаев Хьалим.
«Синан орамаш» номинацехь лауреатан совгIат дира Нохчийн Республикин халкъан артистана Марисултанов Iелина.
«Искусство» номинацехь – Россин Федерацин хьакъйолчу артисткина Ташаева Маремана.
«Лаккхарчу корматаллина» номинацехь Нохчийн Республикин хьакъйолчу хьехархочунна Султанова Хьулиматана.
«Журналистика» номинацехь лауреат хаьржира Нохчийн Республикин Зорбанан а, хаамийн а министр Дудаев Ахьмад.
«Къона интеллектуал» номинацехь совгIат дира хьехархойн Iилманийн кандидатана, доцентана Дудаев Геназана. Иштта, оцу номинацехь кхин цхьа лауреат а хаьржира – историн Iилманийн кандидат, Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан хьехархо Сулумов Зелимха.
Даздарехь шайн говзачу а, исбаьхьачу а похIмица самукъадаьккхира дика бевзаш болчу артисташа: Паскаев Рамзана, Минцаев Мовсара, Ташаева Марема, Ясаев Мохьмада.
АРСАНУКАЕВ Муса
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де