Республикин Юьртан бахаман министерство а, «Ростсельмаш» а цхьаьнагӀуллакхаш дан дагахь ю

Нохчийн Республикин вице-премьер – Юьртан бахаман министр Закриев ИбрахӀим, шеца цхьаьна шен заместитель волу Алисултанов Руслан а волуш, белхан гӀуллакхца Ростовн областехь хилла.

Республикин векалш цигарчу комбайнийн «Ростсельмаш» заводехь хилира.

Предприятин куьйгалло экскурси йира нохчийн делегацина, комбайнаш а, тракторш а вовшахтасаран цех а, цу чохь бен болх а гойтуш.

Цул тӀаьхьа говзанчаш Ӏаморан цех а гайтира.

Закриев ИбрахӀимна хетарехь, белхалойн корматалла тӀеюзаран Ӏалашонца нийса а догӀуш, говзанчаш вовшийн тӀеттӀабахийтарх пайдаэца доло деза.

Иштта, цигахь болх беш республикин бахархой а гира царна.

«Хазахийтира «Ростсельмашан» заводехь болх беш 50 сов вайн республикин векал хилар», – билгалдаьккхира республикин вице-премьера.

Цхьаьнакхетаран гурашкахь цхьаьнагӀуллакх даран хьокъехь барт а бира Закриев ИбрахӀима а, «Комбайнийн «Ростсельмаш» завод» юкъараллин директора Швейцов Алексейс а.

Республикера тракторийн а, комбайнийн а техника цӀинъяр ю бартан коьрта Ӏалашо.

Нохчийчоьнан вице-премьерана – Юьртан бахаман министрана хетарехь, техника цӀинъяран декъехь болх дӀабахьаро эвсарабоккхур бу латталелорхойн болх.

«Иштта, юьртабахаман сурсаташ, ялта чудерзоран комбайнаш а, ялта хьокхургаш а, тракторш а эцарехь мах 5 процентана охьабаккхаран программа йолчу Россин кӀеззигчу субъектийн могӀарехь Нохчийчоь а ю», – хаийтира Закриев ИбрахӀима.

И.ИСЛАМОВ
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: