Дукха хан йоццуш, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь «Россин Федерацин юкъарчу дешаран хьаьрмахь – Россин халкъийн меттанаш» семинар-кхеташо хилира.
Иза вовшахтоьхнера Россин Федерацин серлонан министерствос, Доьзалан мехаллаш ларъяран а, доьзалашна социальни гӀо даран а Дай-нанойн къоман ассоциацица цхьаьна.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон а, Нохчийн меттан институтан а куьйгалхоша, Ӏилманан белхахоша, вузийн хьехархоша, школашкарчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректоран Байханов ИсмаьӀалан цӀарах семинаран дакъалацархошка а, хьешашка а маршаллин дош элира университетан дешаран декъехула волчу проректора Арсалиев Шавадис, ткъа Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан цӀарах — Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат.
Семинар халкъан меттанашна лерина хиларе терра, къаьсттина жигара дакъалецира цигахь Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахоша.
Профессорша Овхадов Мусас а, Халидов Мусас а, Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата а, институтан Ӏилманан белхахочо Исраилова Луизас а нохчийн меттан хьокъехь йина докладаш массеран тидам тӀебоьдуш яра.
Къоман мотт кхиорехь а, Ӏалашбарехь а Нохчийн Республикехь дӀахьочу балхах лаьцна хьешашна дийца дуккха а диканиг дара. Масала, Умхаев Хьамзата йина доклад «Къоман мотт дешаран мотт санна» яра.
Нохчийн халкъан поэта Сулейманов Ахьмада аьлла: «Кхо хӀума ду дуьнен чохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш: Даймохккий, Ненан моттий, Халккъий».
И дешнаш далорца дӀайолийра шен доклад Хь.Умхаевс. Масала, вайн республикехь Нохчийн меттан институт ю. Цо дӀахьочу балхана юкъаозийна бу нохчийн меттан декъехула къахьоьгуш болу цӀеяххана бевзаш болу а, къона а Ӏилманчаш, яздархой, журналисташ.
ХӀора шарахь билгалдоккхуш ду Нохчийн меттан де. Карарчу хенахь дӀахьош ю школашкарчу юьхьанцарчу классийн нохчийн меттан Ӏаматаш карлаяхарна лерина конкурс.
Цул сов, Нохчийн меттан институтехь кест-кеста дӀахьош ю Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам вовшахтухучу тобанан кхеташонаш.
Бекарг (март) бутт чекхболуш, юьйцуш йолу дошам зорбане дIаяла дагахь бу Iилманчаш. Цхьана дашца аьлча, нохчийн мотт кхиоран а, Ӏалашбаран а балхана пачхьалкхан лаккхарчу тӀегӀанехь терго еш ю Нохчийн Республикехь.
Иштта, Нохчийн меттан институтан коллектив а, республикин Ӏилманан а, дешаран а, литературин а интеллигенцин юкъаралла а кечлуш ю оханан (апрель) баттахь Нохчийн меттан проблемашна леринчу дуьненаюкъарчу конференцина.
Профессора Овхадов Мусан доклад «Нохчийн мотт – Нохчийн Республикин юкъарчу дешаран хьаьрмахь» аьлла яра.
ХХ-чу бӀешеран 20–30-чуй шерашкахь а, карарчу муьрехь а, меттан политикин дӀахӀоттамах лаьцна дийцира Мусас.
Вайн говзанчийн белхан лаккхара мах а хадош, къоман мотт кхиорехь вайн республикехь дӀахьош болчу балхах ша воккхавеш хилар хаийтира семинар-кхеташо дӀаяхьарна жоьпалле волчу Россин Федерацин серлонан министерствон коллегин декъашхочо а, Дай-нанойн къоман ассоциацин координационни советан жоьпаллин секретара Гусев Алексейс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де