Iалашо — бохамаш цахилийтар

IMG_5693

ЦIерпоштнекъашна дехьа-сехьаволийлехь кхерамазалла ларъяран дуьненаюкъара де ду 3-гIа июнь. Оцу денна лерина мероприяти дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан цIерпоштнекъан Соьлжа-ГIалин регионан отделан белхахоша ГАИ-н белхахошца цхьаьна.

Россин МВД-н Нохчийн Республикин УГИБДД-н пачхьалкхан лакхарчу инспектора Кадимагомаев Лом-Iелас дийцира оцу денна лерина мероприятеш хIора шарахь а дIахьош хилар.

– ХIокху денна лерина мероприятеш вайн республикехь хIора шарахь а дIахьо оха. Тхан коьрта Iалашо ю цIерпоштнекъашна  дехьа-сехьаволийлашкахь бохамаш цахилийтар. Халахеташ делахь а, цхьаболчу водительшна цIерпоштнекъана дехьа-сехьаволийлашкахь хIиттийна некъан билгалонаш ца евза. Ишттачу мероприятешкахь некъан билгалонаш йовзуьйтуш кечйина буклеташ  дIасайоькъу оха водительшна. Цул сов, некъашкахь кхерамазалла ларъяр хьоьхуш мероприятеш дIахьо школашкахь, дешаран кхийолчу учрежденешкахь. ЦIерпоштнекъашкахь хуьлучу бохамийн тIаьхье лазаме хуьлу. Цундела и саннарг цахилийтархьама ницкъ кхочург дерриге а дан деза вай. Вайн республикерчу берриге а бахархошка кхайкхам бан лаьа цIерпоштнекъана дехьа-сехьаволийлашкахь къаьсттина ларлуш хилахьара аьлла, – бохура цо.

Гуьмсерчу цIерпоштнекъан белхахочо Арсанукаев Рамзана дийцира цIерпоштнекъаш тIехь кхерамазалла ларъярехьа дечу гIуллакхех лаьцна.

– ЦIерпоштнекъашна дехьа-сехьаволийлаш йолчохь сфетофораш я цIерпошт йогIучу хенахь дIакъовлуш болу гIирсаш хIиттош къахьоьгуш ду тхо. Бакъду, массанхьа а уьш хIитто цкъачунна таронаш яц. Амма тIейогIучу хенахь массанхьа а хIитто Iалашо ю, оцу декъехь хIиттош проекташ а ю, – билгалдаьккхира цо.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт

№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: