Ойсхарахь кхин цхьа школа а ю еш

Гуьмсан кӀоштарчу Ойсхарахь 12 242 эзар сов стаг ву Iаш. Кхоъ школа ю юьртахь, амма уьш кхачаме яц. Бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а доьзна ду и хьал. Оцу бахьанашца, къоман «Дешар» проектан гурашкахь, юьртахь керла юкъарадешаран школа ю еш.

Оцу проектан коьртачу Iалашонца догӀуш ду, школашкара кхаа сменехь долу дешар дIадаккхар а, стандарташца догIуш, дешаран хьелаш тодар а.

Кхо гIат а долуш, 720 дешархочунна лерина еш йолчу, керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхоьллина. Классашкахь, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге гIирсашца кхачойина.

Цул сов, школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, йоккха спортан зал а йина. УьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойина ца Ӏаш, берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а, хьешашна а машенаш дӀахӀиттайойла а ю цигахь.

Карарчу хенахь чуьра белхаш бу гӀишлошъярхоша дӀахьош – бовла гергабахана уьш. Шайна хьалха хӀиттийначу декхаршца дика ларош бу белхалой.

Школа бахархойн хӀусамашна уллехь хиларо, хӀинццалц дIасалеларца йоьзна хилла йолу халонаш дIайохур ю.

Цул сов, къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьелаш а» программин «Стимул» подпрограммин проектаца догӀуш а ду, бахархойн хӀусамашна гена йоццуш социальни объекташ яр.

Карарчу 2021-чу шарахь, дешаран керла шо дIадоладалале йина яьлла хила езаш ю школа.

А.КАНТАЕВ
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: