Iаламан цIеналла ларъян еза хIорамма а

Бахархоша шайн хьашташ кхочушдинчул тIаьхьа, нехаш дIакхуьссуш, магийна доцчохь оьланаш йо.

Хин, хьаннийн йистошца, юьйшлелочу аренашкахь, тIаьхьалонан ойла а ца еш, кхуллуш йолчу оьланаша латта а, гонахара хIаваъ а, хиш а бехдо. Иштта, дIакхиссинчу нехаша ораматийн а, акхаройн а Iалам хIаллакдо.

– Сих-сиха нислуш хIума ду, закон талхош, шена хеттачу, кертара араяьлчахьана, нехаш миччанхьа а дIакхиссар. Къаьсттина, кертахь ремонташ ечара талхабо экологи ларъяран лехамаш. ДIадаханчу шарахь нехийн 448 йоккха оьла а, нехийн йоккха 8 майда а дIацIанйина оха. Цул хьалхарчу шарахь нехийн 521 оьла яра, ткъа нехийн майда – 12. Оцу терахьаша гойту, шо-шаре мел долу а, нехаш дIакхиссар лахлуш хилар, – дуьйцу Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министерствон Пачхьалкхан экологин тергонан департаментан директора Занаев Салмана.

Нохчийчохь дIахьочу «Экологи» къоман проектан гурашкахь вайн республикин Iалам лардаран а, цIандаран а дуьхьа дуккха а гIуллакхаш ду дIахьош.

Царах коьрта лоруш ду нах бехачу меттигашкарчу экологин хьал дика хилийтар.

– Хууш ма-хиллара, магийна доцчу меттигашкара нехийн оьланаш дIаяхар аттачех болх бац. Нехаш дIахьош хилча, уггаре а хьалха меттиг билгалъяккха еза. Гонахарчу экалогин хьал талхор доцуш, бахархошна а, дийнаташна а кхераме хир йоцучу меттиге дIаяхьа еза нехаш. Министерствос а, меттигерчу администрацис а цхьаьна дIахьош болх бу иза. Цу тIехь, таллам беш, леррина вовшахтоьхна комисси а ю, – кхидIа а дуьйцу С.Занаевс.

«Экологи» къоман проектан гурашкахь 2017-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалара а, Грозненски, Теркан, Шелан кIошташкара а нехийн 9 оьла дIаяьккхина, юккъерчу барамехь 54 гектар латта дIацIандина.

Магийна доцчу меттигашка нехаш дIакхиссаро доккха зен до. Уггаре а хьалха, йовхачу хенахь, боьха хьожа оьху царах. ХIаваъ бехдо. Царна юххехь Iер-дахар кхераме ду пехашца цамгар йолчунна а, аллерги хуьлучунна а. Цул сов, дохнна а кхераме ю уьш.

Iаламан цIеналлах йоьзна ю цигахь бехачу нехан, дийнатийн, ораматийн могашалла. Цундела вайх хIорамма а Iалам лардан деза.

Кхин дIора къахьега а ца деза, ша вехачохь, ша лелачохь шел тIаьхьа нехаш йита ца еза, я кхечо йитинехь, шен ницкъ кхочучу барамехь, уьш дIаяха хьажа веза.

ВЕГИЕВА Макка
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: