Оханан (апрель) беттан 8-чу дийнахь, «Время Легенд 6. Специальная операция» аьлла йолу, боксехула дуьненаюкъара турнир дӀахьур ю республикин пачхьенехь.

Турниран коьртачу латарехь цхьаьнакхетар ву «WBO International» титул йолу Саламов Ӏумар (25-1, 19 КО) а, «WBC International Silver» титул лелийна хилла россихо Екимов Сергей (18-2, 9 КО) а.
Идигов Асламбека (19-0, 7 КО), Латверчу Покумейко Андрейца (20-15-1, 13 КО) а леташ, Ӏалашдан дезар ду «WBO European» а, «IBF European» а доьхканаш.
Давтаев Аптица (20-0-1, 19 КО) Бельгера волу Муловай Джек (9-2-1, 5 КО) летар ву, ткъа лаххарчу йозаллехь «WBC International» титул лелочу Абдурашедов Маьхьдица (8-1, 5 КО) – Украинера боксер Грищук Александр (16-3, 6 КО).
«WBC Asian Boxing Council» титул лелош волу Едисултанов Ислам (10-0, 6 КО) летар ву Гуьржийчуьрчу Садоян Пелеца (8-2-2, 3 КО).
Иштта, турниран гурашкахь кхиболу боксераш а летар бу: Эдилов Ӏабдул-Керим (3-0, 3 КО), Устарханов Апти (18-4-3, 5 КО), Мусалипов Хьусайн (5-0, 3 КО), Мальсагов Шемал (2-0, 0 КО), Шавлаев Бешто (1-0, 0 КО), Адалаев Идрис (2-0, 2 КО), Хатаев Шемал (6-0-0 / титул «WBA Asia»), Элиханов Ризван (10-0, 11 КО / титул «WBO Youth»).
Соьлжа-ГӀаларчу Ахтаев Увайсан цӀарахчу волейболан цӀийнехь дӀахьур ю турнир.
И.АДАМОВ
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де