Башкирин пачхьалкхан хьехархойн университетехь деша а, корматалла лакхаяккха а аьтто хир бу вайн студентийн

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис, цуьнан хьалхара заместитель Тааев Илес цхьаьнакхийтира М.Акмуллан цӀарахчу Башкирин пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Сагаитов Салават коьртехь волчу делегацин векалшца.

Хьешашна юкъахь бара «Поликультурин дешарехь полилингвальни модель юкъаялоран практикин дустаран хьесап» проектан белхан тобанан декъашхой: М.Акмуллан цӀарахчу Башкирин пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Сагаитов Салават, Ӏилманан талламан институтан директор Юлбаев Радик, университетан ингалсан меттан кафедрин заведующи Иксанова Райса, кхечу къаьмнийн меттанаш хьехаран методикин кафедрин доцент Киреева Заира.

Цхьаьнакхетар дӀадирзича хьеший Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректорца Байханов ИсмаьӀалца цхьаьнакхийтира.

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора И.Байхановс а, М.Акмуллан цӀарахчу Башкирин пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора С.Сагитовс а барт бира студенташ дӀасабахийта а, университетийн хьехархойн говзалла лакхаяккхарехь а, Ӏилманан – талламан белхаш цхьаьна дӀабахьарехь а проекташ кхочушъян.

Барт барал сов, хьешаша Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехула экскурси а йира, университетан историх а, ламастех а лаьцна дийцира царна.

Хьешашна тайра студентийн дешаран хьелаш а, дешна бевлла студенташ балха дӀатарбаран некъаш лохуш кхочушъеш йолу программа а.

З.ХИЗИРОВА
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: