Гурахь, эсаран (октябрь) баттахь дара Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис, шеца цхьаьна Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан директор Бечиев ШахӀрудди а, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан ректор Эльмурзаева Ганга а йолуш, белхан гӀуллакхца, Башкортостанан пачхьенехь Уфахь хилча.

Йоккха программа яра царна кечйинарг.
Эсаран беттан 14–16-чуй деношкахь цара дакъалецира «Педагогикин университеташ а, регионийн дешаран системаш а, проблемаш а, цхьаьнагӀуллакх даран некъаш а» «горгачу стоьлехь».
Иза вовшахтоьхнера Башкортостан Республикин Ӏилманан министерствос а, М.Акмуллан цӀарахчу Башкирин пачхьалкхан хьехархойн университето а, Россин Федерацин серлонан министерствон гӀоьнца.
ХӀетахь хиллачу цхьаьнакхетаран беркатца хӀокху деношкахь Башкирера йоккха делегаци кхаьчна вайн республике.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис шен хьалхарчу заместительца Тааев Илесаца цхьаьнакхийтира М.Акмуллан цӀарахчу Башкирин пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Сагаитов Салават коьртехь волчу делегацин векалшца.
Хьешашна юкъахь бара «Поликультурин дешарехь полилингвальни модель юкъаялоран практикин дустаран хьесап» проектан белхан тобанан декъашхой: М.Акмуллан цӀарахчу Башкирин пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Сагаитов Салават, Ӏилманан талламан институтан директор Юлбаев Радик, университетан ингалсан меттан кафедрин заведующи Иксанова Райса, кхечу къаьмнийн меттанаш хьехаран методикин кафедрин доцент Киреева Заира.
Дешаран учрежденешкахь къоман меттанаш Ӏаморан хьесап деш ю Башкирера талламхойн тоба.
Цара а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето а къоман мотт талларехь бинчу талламан белхан жамӀаш Россин серлонан министерствона довзуьйтур ду.
Байсултанов Идриса хьешашна дийцира Нохчийн Республикехь къоман мотт талларехь дӀахьочу балхах лаьцна.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гӀо-накъосталла дарца меттахӀоттийна болх беш ю Нохчийн республикин Ӏилманан Академи.
Иштта, кхоьллина Нохчийн меттан институт, зорбане кечъеш ю «Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам».
Оццу институтехь методикин гӀо а деш, нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхаяккхаран болх а бу дӀахьош. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира кхузаманан дешаран хьаьрма кхиорехь кхочушдан деза гӀуллакхаш.
Хьешашна совгӀаташ а деш, цхьаьнакхетаран тӀаьхье беркате хила лаар хаийтира министра.
З.АХЪЯДОВА
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де