Бекарг (март) беттан 24-гIа де – Туберкулезаца къийсам латторан Дерригдуьненан де ду. И цамгар эшалуш а, дIаяккхалуш а ю, шен хеннахь, гучу а яьккхина, дарба лелийча. Оцу денна лерина Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон

Фтизиопульмонологин республикин туьшан куьйгалло ламасталлин «Йиллинчу неӀарийн де» акци дӀаяьхьира. Акцин гурашкахь республикин бахархойн могашалла теллира.
Республикин фтизиопульмонологин туьшахь, Iуьйранна 10 сахьт даьлча дуьйна, медицинин талламан гIирсашна тIехь (царна юкъахь флюорографин а, рентгенан а кабинеташ) зударшна а, божаршна а аьтто беш кхоьллина хьелаш дара.
Лоьраша-фтизиаторша а, онкологаша а, терапевташа а, педиатраша а, психологаша а консультацеш йора шайн могашаллах дерг къасто лууш тIебогIучу гIалин а, республикин а бахархошна.
Акци дIахьочу юкъанна бахархошка шайн могашаллах дерг, дIа ца тоьттуш, довза хьажаре кхайкхира фтизиаторш. Лоьраша дийцира туберкулез цамгар тIеяларан некъех, бахьанех дерг. Бахархойн хаттаршна жоьпаш а делира цара.
Туберкулезах лаьцна хаамийн буклеташ дӀасайийкъира.
Акци дӀахьочу дийнахь, туьшан республикехь йолчу отделенешкахь «Могашаллин школа» проектан гурашкахь лекцеш йийшира. Бахархошна оцу кхерамечу цамгарх ларбала Ӏамор дара лекцеш еша сацам баран Ӏалашо.
Цул сов, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон штатехь йоцчу коьртачу фтизиопедиатра Рожабова Азас а, Республикин фтизиопульмонологин туьшан коьртачу лоьран медицинин декъехула йолчу заместитела Хайдарханова Заремас а Инстаграм сетехь ма-ярра эфир а дӀаяьхьира — туберкулезах ларваларх а, цунна дарба леладарх а дара говзанчаша дина къамел. ЛадогӀархойн хаттаршна жоьпаш делира говзанчаша.
Туберкулез – тIейолуш цамгар ю, хIаваэхула а, цIийца а, туйнаца а яьржаш йолу. Шен хеннахь дарба ца дича, туберкулез йолчу цхьана стага (иза йиллинчу кепехь елахь муххале а) шена гуонахара 50–60 стаг цомгаш варна кхерам болуш.
Немцойн микробиолога Кох Роберта, 1882-чу шарахь хаийтира шена туберкулезан бактери карийна хилар. Иза бекарг (март) беттан 24-чу дийнахь хилла. Цул тIаьхьа, 1905-чу шарахь оцу Iилманчина Нобелан СовгIат дира медицинин Iилманехь кхиамаш бахарна.
Цул тIаьхьа, 100 шо даьлча, 1982-чу шарахь бекарг (март) беттан 24-гIа де Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацис а (ВОЗ), Туберкулезаца а, пехийн цамгаршца а къийсам латторан Дуьненаюкъарчу союзо а, и де хIора шарахь билгалдаккха деза аьлла, сацам бира.
Иштта, 1993-чу шарахь Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацис туберкулез цамгар къоман бохам бу аьлла дIахьедар а дина, бекарг (март) беттан 24-гIа де туберкулезаца къийсам латторан де ду аьлла, дIакхайкхийна.
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де