Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон пресс-службо хаам барехь, COVID-19 вирусна дуьхьал къийсам латторехь боккха пайдаоьцуш, евзаш йолу Россин «Спутник V» вакцинин 1,8 эзар керла доза кхаьчна вайн республике.

Иштта, тӀаьхьарчу хаамашца, вакцинацин хьалхарчу компонентаца прививка яйтинарг 28 102 вахархо ву Нохчийчохь.
COVID-19 ун долчу дархошна дарба лелорна лерина яра кху деношкахь Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министран заместитела Гадаев Ӏалама куьйгалла а деш дӀаяьхьна хилла кхеташо а.
Ун долу дархой COVID-туьшашкахь тӀеэцаран а, царна молха-маханца кхачо яран а гӀуллакхаш дара цигахь дийцаре динарш.
Дархошна молханашца гӀо дар министерствос хӀоттийначу схемица дӀахьош ду.
«Дархошна амбулаторни дарба лелош ду, цул сов, куьпан лоьраша тергонехь латтош бу ун аттачу а, юккъерчу а кепара хьакхаделларш», – билгалдаьккхина Ӏ.Гадаевс.
З.ЦОНТОРОЕВА
№24, бекарг (март) беттан 31-гIа де